ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхошца уьйраш хилла аьлла, хенаш кхайкхийна 12 таджикна


Душанбера коьрта набахте
Душанбера коьрта набахте

Экстремизмна бехкевина таджикийн 12 къинхьегамхо-мухIажир набахте хьажийна Душанбе гIалин кхело. Зуламех хаам ца бина Iедалхошка аьлла, 30 эзар сомони гIуда хьарчийна кхин а ялханнах.

Дахначу шинаридийнахь Душанберчу лоьмар 1 йолчу СИЗО-хь дIакхайкхийра кхелахоша шайн вердикт. Кхелан процессан куьйгалхочо Нурализода Сафарбека Озоди Радиога дийцина, 5 шарера 8 шаре кхаччалц хенаш тоьхна таджикийн мигранташна аьлла.

Кхеле хIиттийначу Неъматов Дилшодна а, Муродов Сиёвушна а бархI-бархI шераш тоьхна, Гиёсов Алиакбара 7 шо, Гиёсов Амонхуджана а, Неъматов Исматуллона а, Насриддинов Джурабекна а, Исмонов Исфандиёрна а, кхечарна пхиппа шераш кхайкхийна.

Таджикистанан кеп-кепарчу регионашкахь беха кхел йинчийн гергарнаш баьхкинера шахьаре кхелехь хила дагахь, амма уьш йоьдучу кхеташона чу ца битина. Кхелан сацам харцонца бу аьлла, дIахьедо гергарчара.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн, Таджикистанера схьаваьллачу эмиссаран Гиесов Косиман тIеIаткъаме нисбелла хилла таджикийн мигранташ аьлла, билгалдаьккхина суьдхочо.

Цо дийцарехь, экстремизмна бехке а вина, ша Гиесов Косим а лаьцна латтош ву Казахстанехь. "Шен пропаганда яржо дагахь Оьрсийчуьра Алмата веана хилла Гиесов Косим. Верриг а 18 таджикийн Оьрсийчохь а, Казахстанехь а хилла мухIажир хилла эмиссаро шен караверзийна. Царех цхьаберш цIа ма баьхкки дIалецна, вуьйш и гIуллакх толлучу хенахь дина мукIарло бахьана долуш дIалецна", - аьлла къамел динчу кхелахочо.

Доьду шо карадеанчул тIаьхьа Оьрсийчуьра а, Казахстанера а цIа бирзинера дукхахболу таIзар дина мигранташ. Zello каналехула вовшашца зIе а латтош, даIишхойн идейш яржош хилла "вербовко" лецна къинхьегаман мухIажирш аьлла, дийцина Озоди Радион хьостано.

Оцу юкъанна реза бац кхелан сацамна, шаьш тIе а ца дуьтуш дов хаьттинчийн гергара нах. Набахтехь даккха 8 шо тоьхначу Неъматова Дилшодан нанас Неъматова Зарифас дийцина Озоди Радиога, кхело харцо йина аьлла хета шена, хIунда аьлча, цо бахарехь, цуьнан кIант бехкехиларан чIагIо йоллу тоьшаллаш ца хилла цаьргахь.

"Кхелан кхеташо йоьдучу хIусам чу ца дитина тхо, оцу гIуллакхах цхьа а матераил а ца кхачийна тхоьга. Суна цхьа хIума хаьа, стохка ГIуран-баттахь сан кIанта гIишлош еш, болх бечу Алмата веана Хабаровскера дуьйна, сан кIант харцахьачу новкъа ваьккхина Гиесов Косима", - дийцина нанас.

Раштскан кIоштахь вехачу, хан тоьхначу 24 шо долчу Насриддинов Джурабекан дас Насриддинов Махьмада дийцина, шен кIант Оьрсийчохь некъаш дечохь къахьоьгуш вара, цигара шен лаамехь цIа веанера иза, тоьшаллийн мукIарло дан, амма зуламаш дина аьлла, дIалаьцна иза а боху дас.

"Дечкен-беттан 27-чохь зIене ваьллачу сан кIанта, ша 30-чу дийнахь Душанбе вогIуш ву элира, шена дуьхьалвар а доьхуш. Аэропорте дIадахара тхо, амма оцу деанчу кеманца сан кIант вацара. Цхьанна а хууш хIума дацара. Кхаа дийнахь лийхира оха тхайн воI, 4-чу дийнахь аэропортан белхахочо элира тхоьга, кема схьа ма кхеччи, сан кIант дIа а лаьцна, СИЗО дIавигина аьлла. Оьрсийчу юхаваха везаш а ма вара иза, ша сацор ву ца моьттинера цунна. Цхьа етт бара тхан лелош, иза дIабоьхкира оха адвокат лацархьама, амма хIетта а 5 шо тоьхна цунна. Кхелехь хила лууш а дара тхо, бакъо ца елира", - боху къамел динчу дас.

Ховалинган кIоштара ву набахте хьажийначу 27 шо долчу Исмонов Исфандиеран да Исмонов Iабдулхолик. Шен кIант СИЗО-хь латтон 3 бутт сов зама яра аьлла цо, оцу хеначохь цкъа бен иза гар ца хилира шен аьлла.

"Дечкен-баттахь ша Оьрсийчохь волчу хенахь телефонехула вистхилира сан кIант соьга. Ша Душанбе вогIуш ву, масех хаттар лур ду шега, цул тIаьхьа юхаван дезар ду шен бахара цо. Бутт баьллачул тIаьхьа хиъна суна, сайн кIант пачхьалкхан кхерамзаллан урхаллан изолятор чохь хиларх. Нанна цкъа бен гина вац кIант. Хууш дац суна, хIун бахьанашца лаьцна, тхуна хоуьйтуш хIума дац, цхьа а информаци яц тхоьгахь оцу хьокъехь", - аьлла Исмоновс.

Ткъа оцу юкъанна суьдхочо Нурализода Сафарбека билгалдаьккхина, кхелан процесс йоьдучу заманчохь уьш массо а бехкехилар тIечIагIдина, шайгара даьллачунна уьш а къера хиллера аьлла.

Ишта цо бахарехь, гергарчийн бакъо ю кхелан сацамна латкъамбан Лакхарчу кхеле. Ткъа жоп доцуш дитина кхелахочо, стенна ца битира гергарнаш кхеле аьлла хаттар.

Кхелан кхеташонашкахь дов хоттучийн гергарчийн хила бакъо талхор, пачхьалкхан къайленаш Iалашъярца доьзна ду а бохуш, кхелахойн леларехь уггар а йоккхачех проблема ю. Оцу хьелашкахь кхелан вердикт нийсонца ю бохург къовсамехь дуьсу, дуккха а хеттарш гIиттадо цо боху бакъонашларъярхоша.

Вукху агIор аьлча, кхелахой кест-кеста емалбо, цара тергамза дитарна бехкебечарна тIехь ницкъбар а, царна тIехь Iазап латтош, тIелоьцуьйтучу бехкашца хенаш еттарна а.

ТIаьххьарчу масех шарахь Таджикистанехь терроризм кхиъна йогIуш хилар тергалдо. 2015-чу шарера схьа дуьйна лерича, терроризм а экстремизм а бахьанехь кхел йина 1400 стагна боху Iедалхоша.

Кхел йинчарех дукхахберш къинхьегамаллин миграцехь хилла бу, йа Таджикистанехь йихкину "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIабеттабелла бу социалан машанашкахула.

1900 гергга таджикхо вахана Шема а, Иракъе а, царех дукхахберш дIакхетта хилла террорхойн а, экстремистийн а организацех.

Интернетехула а, социалан машанашкахула а Iехийна бу и нах аьлла, дIахьедина Iедалхоша.

Материалан автор Озоди Радион корреспондент Зарифи Алишер

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG