ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бексултанов Муса. Стигала тIай


БЕКСУЛТАНОВ МУСА

Стигала тIай

Со дукха леллера ваьлла, суо сайна ца карош я, карийча, тIепаза вовш…

… со итт-шийтта шарахь Сибрехула хьийзинера, божалш деш, тхевнаш тохкуш, цул хьалха – бер долуш, – ткъе кхо шо кхаччалц, хIора аьхка жехь а воллуш…

… со хилаза лам бацара, со шелваза – догIанаш а…

… лам чохь буьйса хаза юлура, аьхкенан буьйсанаш…

… со воьра цу хазалло…

… со воьлхура, и хазалла лан а ца лой, хазалла дукха хаза хиларна…

… сан дог чуьра хьалагIертара, са додура, тIепаза довш…

… суна яздан лаьара тIаккха я мохь хьакха, вада, акхавала…

… со ца яздича, ца Iалора я соьга яз а ца лора, сайна ма-хетта, ма-лаъара…

… тIаккха, со чуьра арахьодура, цхьанхьа-м дIа – мичча а ваха, кху гIалех кхо гуо таса, жимма вицвала я Iехавала, суо-сайца виса, сайх кхета…

…со машен-тIалх а латайой – шийтта-кхойтта шеран «десятка» олург, – хаьхкина, хьаьдда ваххана, Органа йистте дIакхочура, жагIаш тIе охьахууш, беро санна, хи тIехула перс лелхуьйту тIулгаш кхийса, доьдучу хина генна тIаьхьа хьежа, цкъа юхаверза, я хьеравала, я вицвала бераллица…

…вицвала чIогIа хала хуьлура, жоьжахатахь виц ца лора, ткъе цхьаалгIачу бIешеран ткъоалгIачу шерашкахь…

…хIунда ца мега – хетара хьуна, – адам а хилла, адам санна, велха я вела, я когашIуьйра ида тхи диллинчу баца тIехула… дуьне цхьа Iаь ма ю, хIаваан гезгамаша, кепатоьхнарг ирс а дац, маьрша йоцург поэзи а…

…дийцийтахь Г.С-на шайна луург кху нахе, амма

Гар, цагар – и бен ца хеташ,

Пайдабоццу забарш еш,

Лийли атта дуьхьалкхеташ,

Лийли атта тергалъеш…

…кхечо иштта олийла-кх мацца а цкъа езначуьнга, чекх сагучу деган гIайгIанца… атта ма дац шен са лиэха, шен лазам бовза а:

Буьйса хаза, буьйса тийна,

Седа боду стиглахь раз,

Хьо со воцуш муха Iийна,

Ши бIаьрг Iаьржа сан Кавказ?

…маржа, цIена дерг ма дайн хуьлу-кх, дозаллийца аьхна дайн, моттаргIа санна, чолхе а доцуш…

…дош – иза хьан хатI ма ду, хьан син юьхь, деган мукъам, адаман дош – адам санна:

ДIаIе хьайна!

ДIаIе, марша Iойла!

Хаза суьйре лести маьркIаже,

Хийла йин ас

Хьоьца мерза ойла,

Иштта меллаш, эсал дIахьожий.

… хIорд буззал я лаьмнех йоттал, аьлла, киншкаш дIаса листина-кх ас, цаьргахь суо каро гIерташ, цхьана дашца цхьа дуьне кхолла, цхьана хьажарца – ткъесан алу а…

…ша вевзинарг я ша-шен вийцавелларг хила вогIу-кх художник, кхана-лама а доцуш цхьаьна – велла гучу шех ен ойланаш Iожална а йитина, цхьа наггахь, тилларг санна, кест-кеста шеца ша вуьсург…

…ша караван хала ма ду, цхьа ши могIа кхолла санна, цхьа ша-шаха кхоллаелча санна, кхоллалуш йолу аьрха бIарлагIа…

…цхьа могIа а тоьа-кх хьуна, цхьа дош я цхьа аз, шерашкахь мукъамца вага; цхьана васто а во-кх поэт, цхьана мукъамо илланча санна, оьшшучохь цкъа гайтинчу доьналло къонах а…

…дагалецамехь гуттар а лозуш, дуьнено кхуллу басарш, дукха деза ду-кх дуьненал, ша хаза юйла хаар бен, и хазалла йовза ницкъ боцчу гIорасизчу адамна а…

…гар, хазар а санна, зовкх ду-кх хьан дагалецам а, цхьаь цхьаллехь хьо висича…

…со ламанца жехь лелаш хиллачу сох – берах – тера эханна ах вац-кх со тахана, кху адамех дIатарвелла, кху заманца, хьелашца а…

…моьтту хир-кх дуьненна а – суна я шуна, массарна а – къоналлехь велла илланча, поэт я художник цхьана бахьано вийна-ваьккхина, зама чекхъяьлла, велла а воцуш…

…стаг, вахарх, дийна ма вац, шен декхарна, Iалашонна дийна, иза тоххарехь велла ма ву, ша беъна некъ чекх а баьккхина, тIаьххьарчу цIерпоштане хьоьжуш…

…хIора а ву-кх иштта дийна-велла, цхьаъ жимчохь, важа – къанвелча, кхолагIниг ненан кийрахь а, хеназа велла цхьа а воцуш, шен некъ чекхбаьккхиний бен…

…хIаъ, хIетахь, беран хенахь, ламанца со жехь лелаш, экха а, буц, лам а, хи а, со а – дерриш а цхьаъ дар-кх тхо, цхьана маттаца, цхьа са долуш, детталучу цхьана дагца а… бецахелиган мотт бар-кх соьца, дуьненан синпха а, хIара дуьне со волуш санна, со ца хилча, доцуш санна…

…ма ирсе а хилла-кх со, ирс хIун ду цахаъал, сайца, цхьаллехь, дуьне – со, со – дуьне хиллачу генарчу сайн бераллехь…

…хIетахь дуьйна суо лоьхуш – бераллин зовкх-ирс лоьхуш, – кху хене вели-кх со, хIинц-хIинца хиэташ – карийна-кх, я гина-кх, я лаьцна-кх мотталуш, – цкъа безамо Iехавеш, юха доттагIаша, доьзалша тIаккха, хан хенаца хийцаяларца хийцалучу кху дахаро кхус-кхуссуш, юьстах кхуссуш, со мила ву а, хIара хIун ду а – бераллехь хилла дуьне, самах хьовха, гIенах а доцуш, – массо а хIума цIенна дIа а даьлла, са а артделла, кхетам а сецна, цхьа дуьне, дуьне, бохуш, кху нахана тIаьхьа уьдуш: «Сацахь, мIаьрго, исбаьхьа ю-кх хьо!»I бохучу цу ирсах а хаьдда…

…декъала ша вевзинарг ву-кх, вевззинчохь саца хиънарг, шен долчуьнца шен ирс а кхуллуш, шен маршо, гIайре йинарг, кху дуьненна – малхо санна – шех, шен сих, шен вахарх лаьттан кховрана йовхо луш…

…цхьа хьаьрк я цхьа сиз хьан – хьол хьалха цкъа а хилла доцу хIума, – цхьа басар, бос я аз…

…ца хьоьгу-кх – хIан-хIа! – воккхаве-кха, тера доцу шен аз долчух, шех тера кхин доцу хатI долчу цхьана боларх я кепах, цхьана могIанах а, цхьаллехь цхьамма ша-а кхоьллинчу…

…шен иэшамашца девзина зовкх доькъийла-кх эшначо, ша санна цкъа туола гIаьттинчу цхьаь догучу цхьалхачу сица…

… со массо а хилла-кх кхузахь, хIинца – тахана – цхьа а воцуш, суо верг бен я иза а, цхьа са боцу беса ойла санна…

…юха, къуьйсург а вехийла-кх, шен эшамехь туола гIаьттинарг, шеконаш айкх юьйллушехь…

…хьан боху-кх юха а тIаккха, тоьлларг бен, тоьлла вац, цхьана эшначо белларг бен, цхьа а толам а ца хилча шен…

… ма тов-кх суна Хименесан кІеда васташ, Мачадон фонтанаш а, сайл тоьллачу йозанхойн синан Ӏаьмнаш, гӀенийн гӀовла…

… хьан серло хьуна, аьлла, яц-кх, ахь кхечунна елларг бен, кхечо хьуна ма-яллара…

… декъашхо воцучу ирсах ирсе а мила хилла-кх…

… масех са хуьлур-кх сан цхьана хенахь – дийнахь цхьаъ, буса кхин а хуьлуш, – хӀинца цхьаъ бен ца дисина, къийсам боцу къаналла санна, цхьанхьа цхьа геннара бералла-м иэхьало, жимаелла хилла бедар санна, маццах сох йисина…

… беро я хьоьца дисинчу беро бен ца туьллу-кх лаьттара хьала стигала тӀай… стигал лаьттара йолалуш ю-кх, дӀога цигара, юьрта йисттера…

… сан – беран – дуьнене хьаьжча, хӀумма а йоцу хӀума хилла-кх тахана сан – воккхачун – сила-а хета хӀара дуьне…

… хӀунда толлу-кх массо хӀума, туьйранна мохк а ца буьтуш я сатийса цхьа къайле а…

… Ӏилмано стеган мах байбо-кх, тӀехдаьккхинчу Ӏилмано нах вовшийн акхарой а еш, шаьш вовшийн хIаллакдарца…

… хьанна а цхьанна къилба доцуш вахар а ду-кх цавахар…

… ша волччохь ву-кх къонах а, дехьа-сехьара кхиссарш а йоцуш, доьша хьеначу аттачуьра…

… суо каро лиънера-кх, дӀавахале, дашца каро, кехат тӀехь могӀа бита а, дегнашкахь – марзо а…

… дайначу ирсан лар лехар а хилла-хилла-кх цхьа ирс, йиъкӀов цхьана жимачу кертахь сийна бай а гуш, лакха хьалахьаьжча, – стигал а сийна, кӀайн мархаш а, сецна кхозу… тийналла а, меллаша тийна доьду хи а, яйн механ Ӏаь а, патарийн хеза къора мотт а, тийналлехь, аз хиэдаш, къорачу шабаршца хьоьсту нускал а…

… дош хала хилла-хилла-кх, чIогIа лехарх, атта карор а доцуш, кхуллушехь хьан амалца, совгӀат санна, делла ца хилча…

… дош девзинарш бан-м бара хьуна, дуьненан маьӀ-маьӀӀехь, шераш а, бӀешераш а хуьйцуш, хийца-хийцалу-уш дӀаихнарш…

… ма зовкх дара-кх – зовкх яӀ-тов! – кехат тӀехь цара дийриг, церан могӀа, амалш церан…

…Джон Фанте товра хьуна чӀогӀа «Ченашка хатта» повесть цуьнан, «Тиффанехь Iуьйре» а Трумен Капотен….

Селин ма кIант вар-кх – Фердинанд Селин – шен «Буьйсанан чаккхенга некъ» цIе йолчу романаца, «Педро Парамо» а Хуан Рульфан…

…хьуна езначех Тургеневн «Ася» а яра, Селинджеран «Френни», «Iина тIехуларчу рож юккъехь» а.

…уьш дукха яра, кIезга а хеташ, царах яра ахь зовкх хьегна Хемингуэйн кхо роман а, «Воккха стаг, хIорд» повесть а йолуш…

…Фолкнера охку амалш, маржа, Кнут Гамсун а шен толамашца…

Повесташ а Айтматовн, Едигей а шен иэшамашца, «Яйна хIусам» Йонас Авижюсан, Хименесан «Платеро а, со а», «Жима эла» а Экзюпирин…

Бунин ткъа, хьан Бунин, шен «Чангин гIенашца», «Арсеневн дахарца» а, ма дукха бар-кх, кхин а масане, хьуна даггара безна хьеший, церан дашах ирс девзина, декъалчех цхьаъ вар-кх хьо…

«…хьо – хьо ву», – ала а веза-кх стаг дуьнен чохь, хьайл тоьлларг – тоьлла ву, ала, цуьнан сий дан, тоьллачуьн сий…

…лер доцуш, къора хилла а, бIаьрг боцуш, бIаьрзе а, цхьана къоман хуьлда-кх хьо, «со къам ду» бохучу къоман, гIорасизчу хьайх воккхаве… ма хала ду-кх цхьаь цхьалха вала, цхьа воккхавер дисна а, сатийса тIаьхьа хIума а доцуш...

Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо а, прозаик а вина 1954-чу шарахь, товбеца-беттан 1-чу дийнахь Казахийн СССР-н Мендырискан кIоштахь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологийн факултет. Иза ву Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а (1992-чу шарахь дуьйна) ) яздархойн бертан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» совгIат къовсарехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо (2005 шо).Тахана болхбеш ву "СтелаIад" берийн журналехь коьрта редактор.

КХИН А
XS
SM
MD
LG