ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларусера араваьккхина Нальгиев чувоьллина Нальчикехь


Гайтаман сурт. Нальчикехь латтош бу цхьаболу гIалгIайн дуьхьалонан боламан жигархой.
Гайтаман сурт. Нальчикехь латтош бу цхьаболу гIалгIайн дуьхьалонан боламан жигархой.

Беларусера араваьккхина гIалгIайн юкъараллин жигархо, блогер Нальгиев ИсмаьIил чувоьллина Нальчикехь йолчу ханна лецна нах латточу изоляторе. Цунах лаьцна хаам бо "Настоящее время" сайто, адвокатана Гашинский Антонна тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, Нальгиевн гIуллакх къастор ду суьдехь.

Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, гIалгIайн юкъараллин жигархо Нальгиев цхьана ханна чувоьллинера Минскан Октябран кIоштан изоляторна. Европе ваха кеманна тIе хууш иза лаьцнера Беларусин дозанхоша кхаарин сарахь Минскерчу аэропрортехь. ТIаьхьо меттигерчу полицин куьйгалхоша сацам бира, кхеле а ца вуьгуш, иза шайн махкахваккха.

Нальгиев вара Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш тIеэцначу низамана дуьхьал митинг вовшахтоьхначерах цхьаъ. ГIалгIайн дуьхьалонан боламан куьйгалхой лецначул тIаьхьа царна тIехIоьттина Нальчикехь ша цхьаъ лаьтта пикет дIаяьхьира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG