Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хастийна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Колокольцев Владимир, республикехь кхерамазалла хиларна, хаам бо "Кавказ.Реалиино".
"Бархархошна а, хьешашна а дийнахь а, бусий а шаьш буьззинчу барамехь кхерамазаллехь хета. Иза иштта ду ша Оьрсийчоьнан Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министр а, МВД-н берриг белхахой а бахьана долуш. Владимир Александровича куьйгалла а деш, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан органаш а, дакъош а Iаткъаме ницкъ а хилла дIахIиттина юкъараллин кхерамазалла а, паргIато а латтош", - яздина Кадыровс шен Телеграм каналехь, министр Колокольцев винчу денца декъалвеш.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?