Шайгахь гранаташ а, герзаш а долуш гIаттамхой бу аьлла, шеконашца исс стаг дIалаьцна Нохчийчохь аьлла, хаамбина "Интерфакс" агенталло. "Хьалхо хиллачу хаамашца, гIаттамхойн тоба вовшахтоьхна 21 шо долчу Нохчийчуьрчу вахархочо Соьлжа-гIалахь. Ша хьалханча воцург а, 8 стаг хилла цу юкъахь", - аьлла, дийцина агенталле церан хьостано.
Ишта цо дийцарехь, Охан-баттахь дуьйна дIалаьцна хилла и кегийнах, лоцучу заманчохь цаьргара схьаяьхна гранаташ а, герз а. Дуьненаюкъарчу террорхойн тобанашца боьзна хиллий хууш дац кегийрхой аьлла, яздо "Интерфаксо".