ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIайн ЦIийно кхин а $1,6 миллиард дехна NASA-на


Космос -- Бутт, Iамеркан астронавт Ирвин Джеймс, Аполлон 15, Марсхьокху-беттан 1-ра де, 1971 шо.
Космос -- Бутт, Iамеркан астронавт Ирвин Джеймс, Аполлон 15, Марсхьокху-беттан 1-ра де, 1971 шо.

Баттана тIе юхаерза дагахь ю Iамерка 2024-гIа шарахь

КIайн ЦIийно кхин а $1,6 миллиард дехна NASA-на, хаам бо "Iамеркан аз" портало.

Iамеркан президенто Трамп Доналда Аэронавтикехула а, космосан шорте талларан а къоман урхаллан (NASA) бюджете кхин а 1,6 миллиард доллар хьажо сацам бина, Бутт а, Марс а талларан проекташ кхочуш ян.

Иштта дIахаийтар дина Трампа Twitter-хь шен йолчу агIонехь. Цо билгалдаккхарехь, Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ юхаметтахIоттош ю NASA-н тӀехдикалла, юхайоьрзуш ю Баттана тIе, цул тIаьхьа гIур ю Марсана тIе.

"Ас хийцамаш бон бюджетехь…, шуьйрачу барамехь космосе юхадерза вайн аьтто хийлийта!", - дIахьедар дина Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто.

NASA-н директоро Брайденстай Джима Трампан дешнашна комментари йина, и гIо оьшуш ду кхин цхьа стаг а, дуьххьара исторехь зуда а Баттана тIе дохуьйту программа кхочуш ян аьлла.

Хьалхо Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн администрацино сацам бира, Баттана тIе автоматан а, чохь нах болу а аппараташ яхийта кечам бан, цу программах мехала гIулч яккхарх санна пайда эца генарчу космосе, ша аьлча Марсана тIе, адамаш дахийта кечам беш.

Iамеркан говзанчаш дагахь бу шайн астронавташ Баттана тIе бахийта 2024-гIа шо тIекхочуш. Ткъа Марсана тIе нах бахийта дагахь ю Цхьаьнатоьхна Штаташ 2030-гIа шераш юккъе довлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG