ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIакерша шпионийн программаш хIиттийна WhatsApp-хь


Зуламхойн аьтто баьлла мессенджеран программана чубовлар Iалашонца леррина система кхолла

WhatsApp мессенджерехь кхачамбацар хилла хIакерийн аьтто беш йолу цу чубовла, телефонан тIе зIе а тоьхча, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Цу кхачамбацарх пайда а оьцуш, зуламхойн аьтто хилла Android а, iOS а операцин системаш лелочу телефонашна тIе шпионийн программаш хIитто, цуьнан долахочо тидамехь латто аьтто луш йолу.

И тIелатар кечдина хилла хьалхо Amnesty International бакъонаш ларъярхойн вовшахтохараллан компьтершна чуяларна гучуяьлла йолчу Изралерчу компанино, яздо Financial Times газето.

WhatsApp лелош ву кху дуьнентIехь 1,5 миллиард стаг. Зуламхойн аьтто баьлла мессенджеран программана чубовлу леррина система кхолла. Иза цара деш хилла шаьш юьхьарлаьцначу стеган телефонан номерна тIе зIе а тухий. Цу тIе, телефонан долахочо жоп дала оьшуш а ца хилла царна иза дан.

WhatsApp-ан и кхачамбацар маца дуьйна дIа хилла хууш дац. ХIара бутт болалуш цу мессенджеран говзанчашна гучудаьлла иза. Цара варе йина цу хькъехь маситта бакъонаш ларйон тоба а, кхерамазалла ларярца йоьзна цхьамогIа компани а, ткъа иштта Iамеркан юстицин министралла а, хаа бина ББС-но WhatsAppан векалшана тIе а тевжаш.

Кхун шинарийн буса WhatsApp программа карлаяьккхина, ткъа цунна зулам дар Iалашонца чувала аьтто хилар дIакъевлина.

Financial Times газето бинчу хаамца, цу тIелатарна тIехьа лаьтташ хилла мега NSO Group олу компани. Цу компанино кечйо ларйеш йолчу техникана, бакъо а йоцуш, чувала аьтто бон программаш. Цо арахоьцучу программех пайда оьцу цхьамогIа пачхьалкхийн кхерамазаллин сервисаша, зуламхо хила мега аьлла шеко йолчу стагана тIехь терго ян.

ХIара шо долалуш гучуделира журналистана Хашогги Джамалана тIьахьа терго еш а, иза вуьйш а СаIудийн Пачхьалкхан лерринчу сервисан белхахоша пайда эцна хилар цу компанино кечйинчу цу тайпачу программах.

Дуьненаюкъарчу Amnesty International тобано хаам бинера, шайн белхахошна тIелатар динера NSO Group компанино арахецначу программах пайда оьцуш аьлла.

Шинарин дийнахь Тель-Авиверчу кхело листа долийна Amnesty International-о Израилан тIеман министраллана NSO Group компанин программаш кхечу пачхьалкхашка йохкар дехкар хьокъехь дина тIедожор.

Израилерчу компанино харц ца до, шаьш WhatsApp-ан кхачамбацарх пайда эцна хилар. Амма цо чIагIдо шайн программаш зуламхошца а, терроризмца а къийсам латтош лелош ю бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG