Пентагоно дехар дина Конгрессе ОвхIанистанан Iедалшца машаран дийцарш дIадахьа богIур болчу Талибан боламан векалша йир йолу харж меттахIотто ахча лахьара аьлла. Цунах лаьцна хаам бина еарин дийнахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министралло, яздо "Iамеркан аз" портало.
Стохка Мархийн баттахь Талибано тIом сацош барт бира ОвхIанистанан Iедалшца. Оцу хенахь догдохийла кхолладелира, тIемалошна а, мехкан Iедалшна а юкъахь машаран дийцарш дIадоло аьтто бала мега аьлла, 17 шарахь боьдуш болу том дIаберзо.
Амма дукха хан ялале Талибанна а, Iамерко гIортор ечу овхIанхойн Iедалшна а юкъахь юха а тIемаш буьйлабелира, Вашингтонна а, Талибанна а юкъахь дагадовларш дIадоьлхуш хиллехь а.
"ТIом сацош дийцарш дIадоло кхуьа агIо оьшуш меттиг нисбелча, (и) ахча дайа мегар ду "талибанан векалш схьабалош а, уьш дIатарбеш а", - дIахьедар дина Пентагонан векло Ребарич Ребеккас.
Ребарича дийцарехь, Пентагон "бух билла гIерташ ю овхIанхойн Iедалшца тIом дIаберзош хила мегаш долчу дийцаршна". Цо чIагIдарехь, карарчу хенахь цу Iалашонна билгалдаьккхина ахча дац тIеман министраллан бюджетехь.
ХIокху кIиранах Конгрессан Векалийн чоьнан тIеман хьашташна ахча къасторан комитетан декъо низаман проект къобул йира машаран дийцаршкахь дакъалоцучу талибашна ахча далар Iамеркан Iедалшна доьхкуш, нагахь цу цхьаьнакхетаршкахь дакъалоцуш овхIанхойн Iедалан векалш бацахь я цу дийцаршна юкъаозийна зударий ца хилахь аьлла.
И низаман проект цкъчунна къобул ца йина тIеман хьашташна ахча къасторан Комитето. Иштта хууш дац кхочуш дийр ду я дац конгрессменаш Пентагонан дехар. ОвхIанистанан Iедалан векалш цкъачунна дакъалоцуш бац Вашингтоно а, Талибано а дIахьочу дагадовларшкахь.
Ребарича бинчу хаамца, Iамеркан тIеман министралло карарчу хенахь меттахӀоттош яц дагадовларшкахь дакъалоцучу меттигерчу гIаттамхойн тобанаша йон харж.
"Iамерко гIортор еш ю меттигерчу тIегIантIехь машар бар Iалашонца ОвхIанистанан Iедална а, овхIанан Iедалан ницкъашца а, коалицин эскаршца а тIом сацо лаам болчу гIаттамхойн тобанашна а юкъахь дIахьочу машаран дийцаршна", - боху Пентагонан векло.
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Талибанан векалша а еарин дийнахь дIаберзийна машар барх лаьцначу дийцарийн 6-гIа мур. Цу цхьаьнакхетаран декъашхоша дийцарехь, цу дагадовларшкахь "мелла а хьалхатаӀа аьтто баьлла" ОвхIанистанера кхечу пачхьалкхийн эскарш арадахарх лаьцна хин болчу бертан проект кечйеш.
ОвхIанистанан Iедалш реза дац, и дагадовлаш шайн векалш юкъахь боцуш дIахьош хиларна.