ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алханов: "Магнитскийн тептаре" баха массо а чоьхьарчу гIуллакхийн белхахой


Де хьалха Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн департаменто "Терек" СОБР-н командир Висмурадов Абузайд "Магнитскийн тептаре" ваккхар ца тайна республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Алханов Русланна. Госдепо динчунна ша гIайгIане хилар а, цакхетар а хаийтина министро.

"Тхо тIаьххьалц догтешна дара, и тептар хIотточара ойла йина хIума дийр ду аьлла. Президенто Кадыров Ахьмада вовшахтоьхначу Кадыровн гонна дуьхьал санкцеш яхарна тхо эргIаддахна", - аьлла Алхановс.

Министро билгалдаьккхина, махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана юкъа мел вогIург ша Кадыровн командан юкъардаккхалурдоцчу декъах хеташ хилар а.

"Госдепан сацамо декхаредина тхо массо а дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн организацешка кхайкхам бан, дискриминаци ца лелаяйтар а, къестамаш ца байтар а, тхан бакъонаш Iалашъяр, оцу "тептаре" Нохчийчуьра массо а ницкъаллийн структурийн белхахо ваккхийтар а доьхуш", - аьлла шен дIахьедарехь Алханов Руслана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG