ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь ВИЧ цамгарх велла 320 эзар стаг


Дуьххьара ВИЧ лазар хьакхаделла стаг билгалваьллачучул тIаьхьа (1987-гIа шо) иммунодефициатан цамгарх велла Оьрсийчохь 318 сов стаг.

"ВИЧ-инфекцих велла 2018-гIа шо доьрзуш бинчу талламашца, 318 эзар сов стаг. Ишта кеп-кепарчу бахьанашца велла 36, 78 эзар иммунодефициатан цамгарца хилла вахархо", - хаамбина Роспотребнадзоро ТАСС агенталле.

Хьукматехь билгалдаккхарехь, ВИЧ-ца болу нах баларан коьрта бахьана ду - пехийн лазар.

Роспотребнадзоро шайн сайт тIехь бинчу хаамца, 2018-чу шеран ГIуран-баттахь пачхьалкхехь 1, 007 миллион вахархо вара иммунодефицитан диагнозца вехаш.

Оцу юкъанна дуьххьара цомгашчийн терахь лахдалар билгалдаьлла 2012-чу шарера 2018-чу шаре кхаччалц - 13 процентера 2, 2 % лахделла.

Стигалкъекъа-баттан хIора кхозлагIчу кIирандийнахь билгалдоккхуш ду СПИД-ах белларш дагалоьцу Дуьненаюкъара де. Кху шарахь 19-чу дийнахь нисделла и де. Цунна лерина барамаш дIахьо Дуьненчуьрчу могушалла Iалашъяран организацино (ВОЗ).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG