ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Миллион зударшлахь Дала къастийна ю со"


Резаханова Зита а, Гита а шайн ненаца Москварчу санаторехь
Резаханова Зита а, Гита а шайн ненаца Москварчу санаторехь

Урална дехьа дукха хан йоццуш схьайиллинчу цхьаъ бен йоцчу берийн "Дом радужного детства" цIе йолчу хосписехь цхьана кIиранчохь волонтер хилира Резаханова Зумрият - Зитин а, Гитин а нана. Ши йоI дуьненчу яьллачу ГIиргIазойчохь а, йоллу Оьрсийчохь а 2000-чу шерашкахь терго латтайора цу шиннан кхолламна тIехь.

2003-чу шарахь оьрсийн хирургаша дуьненчу йолуш дуьйна вавшех хьаьрчина хилла ши йоI къастийра операци а йина. Доллу дуьнено бохург санна вовшахтуьйхира шина йоIана операци ян а, цул тIаьхьа реабилитацина а ахча. 2015-чу шарахь кхелхира Зита. Амма цуьнан йиша Гита кхачаме дахар а долуш, еха.

Ша бечу балхах а, шен доьзало лайначух а дийцира "Сибирь.Реалии" порталан корреспондентна нанас Резаханова Зумрията.

- "Радуга" цIе йолчу гIоьналлин фондо жимма болх бан со шаьш долчу Омске волонтер кхайкхича, оцу сохьта реза хилира со, ойланаш ца еш. Вайна дахарехь цхьа а хIума ларамаза ма ца хуьлу. Делера ма ду иза, тIаккха со яха еза. Суна сайна а оьшу иза. Хьо цхьанна оьшуш хиларал а доккха хIума дан а дац. Дахаран Книги тIехь дIаяздина ма ду вай дерриш а. Кху дуьненчуьра вай дIахьондерг а – вайгара дийлина дика гIуллакхаш ду. Кхи цхьа хIума а дара суна лууш – со санначу наношна уллохь хилар.

- Цхьана а агIор кечам бирий ахь цаьрца цхьанакхета?

- Синтемза яра со, айса хIун дер ца хууш. Вайн кхетамехь хоспис - валар ду, тIаьххьарчу йистедалор. Суна моьттура, цхьа декъаза яххьаш сайна гур ю, амма суна гинарг дахар дара. Кхузахь тидам тIехьажийна адамна гIо дан, цуьнан дог эца, депрессера и стаг ваккха. Шайна цхьа гIо хир ду моьттуш, сатийсамехь беха кхузахь наной. Суна гина яцара ишта йовхонца, безамца берийн терго йина ца Iаш, нанойн а терго еш центр. Со йоккхайийна а ца йолу, кхузахь берашна а, наношна лучу синтемах, дегайовхонах. Дуккхаъ а елара ишта меттигаш. Маьхза а ма ду кхузахь хан яккхар. Бакъду, доллу дуьненан гIо оьшу кху хосписна, хIунда аьлча, йоллу пачхьалкхан болх ма бу цара бийриг.

- Пачхьалкхан институташа бан беза болх ма бу Оьрсийчохь а, дуккхаъчу союзан республикашкахь а шаьш наха беш берг.

– Суна и вон ца хета. Иштачу берийн наной шаьш биса безаш ма бац шайн сингатттамца, кхи кхочуш гIо а доцуш. Амма бакъду, пачхьалкхо аьтто бан беза шен бахархойн. МогIарерчу нехан таро хилча гIо латто, пачхьалкхан аьтто бац-те? Со ца кхета, йа цкъа а ас тIе а лоцур дац – йоллу гIалина, йоллу администрацина хаьа, бер леш дуй а, цуьнан нана шен ма-хуьллу цунна операци ян ахча лоьхуш юй а, амма кIад ца до цара. Оцу ненан ахча дацара аьла, хIунда дала дезаш ду и бер?

– Дукха хьолахь могаш доцчу берийн наношна гондахьара гуш дерг, адамийн оьзда дацар, церан агресси а ю. Муха ларвала деза царех?

- И дерриге а тхох а хьакахедлла ду. Берашна хичаш йора, суна йора. Юьхьанца йоьлхура со, сагатдора ас, со ца кхетара хIунда ду ишта адам?! Ишта а дог доьхна ма ю со. ТIаьхьа, со йоккха мел хуьлу, Iемира цо оцу ситуацешкахь сатоха а, чекхяла а. Тхайга ларам, безам а гора суна, кхи дIа дерг тергал ца дан хьожура. Сайн шина йоIана а Iамийра ас ишта хила. ХIора денна шен дагчохь цIано ян еза, цу чуьра хьайн дог этIо, хьайна ваха новкъа долу хIума ара а кхусуш. Хьан дог а датIадой и стаг дIавоьду, ткъа хьо юьсуш ма ю оцу цо битинчу лазамца. ХIинца массо а наношка олу ас: цхьанга а ла ма дегIа. Шайн беран куьг лаца. Хьо паччахь ю, хьан бер - дуьненчохь а уггар а диканиг ду олу ас.

– Тоххара цкъа элир-кх ахь: 1991-чу шеран ГIадужу-беттан 19-чу дийнахь "яхарх а, самукъанех а хьо яьлла" аьлла. И дерриг а юхадирзиний хьоьга?

– ХIаъ. ХIуъа хиллехь а, со ирс долуш стаг ю. Сайн ши йоI гале хьалха бIаьрзе хIунда ца йира со ас баьхнехь а тоххара, хIинца кхета со, миллион зударшлахь Дала къастийна хилла со. Кху центрера муьлхха нана а санна, къастийна хилла со а. Оцу нанна ма делла цо ишта бер, иза цуьнца ларор юй а хууш.

- Хьайн шала ши бер хир дуйла ца хаьара хьуна?

- БархI бутт кхаьчначу хенахь ас УЗИ яйтира. Бер доккха ду элира соьга. КхоалгIа доьзалхочух яра со, цундела ас са ца гатдора. Со кхетамчуьра а йолуш, хала дуьненчу елира сан ши йоI. Со паргIатъяьлча, лоьро цхьана секундехь шаршу схьа а йиллина, юха а дIакъевлира. Хирурги чу дIайигира ши йоI. Со суо цхьаъ йисира. Со Iуьллучуохь мохь хьоькхура ас. Йа суна ишта хета, йа иза бакъ дара. Цул тIаьхьа дуккха а Iийра суна бераш ца гойтуш. Сан психико ловр дац аьлла хеташ, ас сайна цхьаъ дарна кхоьрура уьш. Эххар а со шина йоIана тIехIоьттича, ас гора а хIоьттина ший а сайна къинтIера яьккхира, чIагIо а еш, айса и шиъ цкъа а тесна юьтур яц, сайн ницкъ мел берг дийр ду аьлла.

– Зита а, гита а дуьненчу яьлла кхи а цхьа ши шо даьлча юха а муха хIоьттира хьо бер дан?

– Башха бер дина дукхахболу зударий ца баьхьаш Iа юха а бер дан, доллу шайн дахар оцу хьалхарчу доьзалхочунна дIало цара. И нийса ца хета суна. ХIетахь ойла йоьхна Iара со: йа хьераер, йа лер, йа кхи дIа а яха еза ца хууш. Сан жимахйолчу йоIа Наидас гIо дира суна оцу хьолехь со йисинчу хенахь. Кхи дIа а яха йоккха стимул яра иза.

Беловодскехь интернатехь Iаш яра оцу шерашкахь Зита а, Гита. И шиъ цIа яло таро яцара тхан. 90-гIа шераш дара уьш: ахча а доцуш, бан болх а боцуш. Сайн доьзална напха латтош 4 шарахь йохка-эцар лелийна ас. Сайн зудаберийн психикана цхьаъ хиларна а кхоьрура со. Жимчу эвлахь Iаш дара тхо. Зита а, Гита а къайлайоккхийла дацара.

Дукха хан цаьрца йоккхура ас, сайн кхечу берашца йоккхучул а. Шина йоIана а чIогIа дукха езара со. Оха даим а олура: шала йина яц, тхо кхоъ ю олий. Сан вукху бераша, йа Наидас а, йа Ахьмада а, Залинас а цкъа а дегабаам а ца бора, бехк ца боккхура соьгара, ас дукха хан шина йоIаца дIахьора аьлла.

11 шерачохь ас кехаташ ца яздеш меттиг ца бисира - Iамерке, Германи, Испани, кеп-кепарчу дарбан хIусамашкахула лелара. Айса йина чIагIо кхочушъян езаш яра со - Зита а, Гита а операци йина, вовшахъяккха.

Амалца а кеп-кепара яра и шиъ, интересаш шен-шен яра. Зитулька чIогIа эсала, массеран а гIайгIа йолуш яра. Цунна хазахетара кечлуш. Ткъа Гитка сох тера яра, буьрса. 2001-чу шарахь ялаза ма елира сан Зита. Вон хьал дара цуьнгахь, Гитас сан мара а хьерчаш, доьхура соьга "Мама, лахахьа лор, суна яха лаьа" бохуш. ТIаккха кхийтира со, сайн хан кIезиг хиларх. Iачохь дацара, юхаяла а йиш яцара сан. Iаламат чIогIа ницкъ оьшура суна, нагахь санна, операци йоьдучу хенахь цхьа йоI яла а ялийтина, шолгIаниг кIелхьаръяккха дезахь а. Ший а йоI дийна юьсур хиларх ши процент бен тешам ца лора суна лоьраша.

2003-чу шарахь Москварчу Филатовн дарбан цIийнехь профессоро Разумовский Александра этIийра ши йоI вовшахъйоккхуш.

12 сахьтехь йира операци. Ший а йоI дийна йисира сан. Иштачу чолхечу операцешкахь дийна йисинчех Зита а, Гита а бен яц. Цул тIаьхьа 13 шарахь ехира Зита.

- Ткъа ши йоI кийча ярий операци бахьанехь хIоьттинчу кхерамашна?

– Iаламат чIогIа дахар дезара цу шинна. Гитас хоьттура: "Стенна кхоьру лоьраш? Ишта хIара бала хьоьгучул а со яла реза ю". Операци еш юй хиъча, чIогIа ирсе яра и шиъ. ХIетахь жима ма яра и шиъ. Юха кхиа йоьлча йоьлхура, депрессехь хуьлура. "Тхошинна ишта яха ца лаьа. Мама, хьо ю бехке, тхойшиъ ишта ярна" бохуш, мохь беттара. Шаьшиннах цкъа а нана хир яц бохуш, чIогIа холча оьхура и шиъ.

Амма бакъду, Дала гуттар а цхьаъ хьоьху вайна. Цхьана дийнахь базарахь цхьана книгех бIаьрг кхийтира сан. Ас иза схьайиллича, цхьа дешна дийшира ас: "Нагахь хьайн ког бацахь, дIахьажа ший а ког боцчуьнга". И книга тхайна оьшур юйла хиира суна. Ларамаза агIонаш схьа а йоьллуш, жайни тIера йозанаш доьшура шина йоIа а: "Нагахь хьайн дагна паргIато езахь, Къуръан деша Iама".

Ас хьуьжаре деша дIатесира и шиъ. Цул тIаьхьа кIира даьллачу хенахь соьга элира цу шиммо: "Мама, къинтIера яла тхойшинна!"

Далла бу хастам, и шиъ Iемира Дала шаьшинна деллачу догIмашлахь яха. ТIаьхьо, цхьаъ бен боцчу шен когах яьлча, Зитас элира соьга: "Мама, хIинца инвалид ю-кх со".

2004 шо. Зита а, Гита а
2004 шо. Зита а, Гита а

– Зитин дахарехьа къийсам дукха латтийрий ахь?

– Кхаа шарахь. Могушалла эшна йогIура цуьнан, даим а дарбан хIусамашкахь хан йоккхура охашиммо. Гуттар Зитина ницкъхилча ас хоттура цуьнга: "ХIун де ас хьуна?" Цо жоп лора: "Хьуна хаьа. ДIахецахьа со".

ЧIогIа бала ма хьийгира цо. Эххар а, Москварчу лоьраша элира: "Бертаза Зита сецайо ахь". Оха цIа ялийра иза. Ша яла кхо де дисинчу хенахь дехар дира цо соьга: "Мама, селфи яйтахьа вайшинга" аьлла. Хаза кечъелла, селфи йира охашиммо. 2015-чу шеран ГIадужу-беттан 29-чохь елира иза. Ша яла цхьа ах сахьт хан йисинчу заманчохь, соьга а, дега а схьайирзина: "Папа, мама, дIовш лойша суна" элира цо. ТIаккха айса сайга "ДIагIо, сан диканиг, хьо Дала юьггучу" элира ас. Сайн доьзалхочунна паргIато йийхира ас Деле. Ишта кхелхира иза, балдашца къежна а юьсуш.

– Гитас муха лайра цуьнан ялар?

​– ЧIогIа хала дара цунна. Иза ялалае хьалха со а, Зита а кхаа шарахь цIера яьлла ехира. ГIиргIазойчохь яра Гита, Зита Москвахь. Уллохь стаг а воцуш, ша яха Iемаш яра хIетахь Гита. Делахь а боккха сингаттам бара иза цунна. Юьхьанца ас а, Гитас а эсмэскаш кхоьхьуьйтура цуьнан вотсап тIе. Дуьненан массо а маьIIерчу наха телефонаш еттара соьга, шайний-шайний Зита гIенах гира бохуш.

Цхьана юкъахь масех дийнахь метта ца йогIуш, йоьлхуш лелаш яра со. Социалан машанехь цхьана йоIа язди соьга: "Хьо Зитин нана юй? Суна гIенах гинера иза. Ша дика Iаш ю ала бохура хьоьга" аьлла.

Тхуна цкъа а дагара ца йолу Зита. Цуьнан коша тIе а лела тхо, цуьнан са ца даа а гIерта тхо. Ахь цхьа боккха бала лайча, Дала цхьа дика доцуш ца вуьту хьо. Зита дIаяхначул тIаьхьа, тхан доьзалехь кхи а ши кIант тIекхетта (Зумриятан 10 берийн бер ду).

Сан ши бер – Зита а, Гита а сан дахарехь ши малик ду. Тарло оцу шина йоIера ас дуккха а диканиг схьаэцна, ас царна деллачул а сов. И шиъ дуьненчу яьллачул тIаьхьа, цхьана доьзалхочух йолчу зудчунна тIех ца яьлла со, сайн дагахь могуш бер лойла хьуна Дала ца олуш. Хьанна хаьа, оцу мIаьргонехь Далла хаза там ма бу сан доIа.

Со ирс долуш стаг хилла. Тхуна нахера санна, гIо кхачадойла хIора нанна. Ийза ма лолаш, шайна гIодоьхучу хенахь. Со ца ийзалора. Пачхьалкхо терго еш яцахь, нахе гIо дехар тоьлу, бер бала хьега тесна дуьтучул а. Ехар – лачкъор ма дац, йа аьшпашца яккхар а дац. Дог цIена адамаш дуккха а ду.

– ХIун лелош ю Гита?

– Зита дIаяхначул тIаьхьа со кхийтира, Гита дIахеца еза аьлла. Боккха лаам бара шина йоьIан – лоьраш хила. Аьтто ца хилира. ТIаккха сацамбира цушиммо, адамийн синошна дарба лелор ду шаьшиммо аьлла. И шен лаам кхочушбан хьажийра ас Гита. Зударийн бусулба колледж чекхъяьккина Гитас, дагахь Къуръан а хаьа цунна, хьафиз ю иза. ХIинца интернетехула Къуръан Iамош ю иза. Цуьнан дешархой ГIиргIазойчуьра хилла ца Iа, йоллу Оьрсийчуьра а бу. Бишкекерчу Исламан университете хьеха кхайкхина Гита. Теолог хила лаьа шена аьлла, керла Iалашо хIоттийна цо шена хьалха. Гита – сан Iаламат ду. ЧIогIа доьналла долуш ю иза. Массарна а гуш ду, мел ирсе ю иза, дахарх самукъа долуш ю, амма суна цхьанна хаьа цуьнгахь дерг. ХIоразза суьйранна протез дIа мел йоккху, лазаршна йоьлху иза.

– ГIиргIазойчохь гIоьналлин фонд ю шуна?

– Зита яра ишта фонд хила лууш. Иза кхелхинчул тIаьхьа, со реанимаци кхаьчнера. ХIетахь кхийтира со, ишта атта къаръяла ца еза со аьлла. 24 шарахь тIемало санна схьа а еана, со хIинца муха лийр ю аьлла, ойла хилира сан. Яха а, Зитин лаам кхочушбан а хьесап дира ас. Вай дерриг а ду цкъа мацца а дIадаха дезаш. Сайн берана дуьхьал цхьа пайда а хьош гIор со, со санначу наношна гIо а дина.

"Право на лучшую жизнь" аьлла ю оха берашна-заьIапхошна лерина йиллинчу центран цIе. Оха Iуналла до тахана оцу хIусамехь 20 беран, ишта тIелаьцна оха 30 бобер а, чолхечу хьелашкахь бехачу доьзалашкара бераш а. Къаношна а, цхьалха бисинчу нахана а гIо латтадо оха. Цкъачунна дийнахь бен бита таро яц тхан уьш. Амма бакъду, "Дом радужного детства" центрца сан гергарло тасаделлачул тIаьхьа, ас боллу сайн ницкъ тIехьажор бу, цунах терра хIусам хилийта, берашна реабилитаци ян таронаш а йолуш. Цхьа дог иракарахIоьттина дIайоьдуш ю со Омскера.

Интервьюн йоллу верси еша таро ю шун Сибирь. Реалии порталан сайт тIехь

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG