ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох жима йоI кIелхьаряьккхинчу шина нохчочунна совгIат дийр ду Кадыровс


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана совгIат дала сацам бина Москох жима йоI Iажаллах кIелхьаряьккхинчу Нохчийчуьрчу шина вахархочун. Цунах лаьцна цо хаам бо "Российский диалог" зорбанан гIирсо.

И инцидент хилла Москох гIалан 850 шо кхачаран цIарахчу паркехь. Балхара ваьлла волавала араваьллачу Салимов Тимурна а, Айзулаев Бувайсарна а йоIан мохь а, гIо доьхучу воккхачу стеган аз а хезна.

Сихха гIо дан тIеведдачу шина нохчочунна гина йоI чуяханчу чохь хи долxу уьшал якъоран биргIана уллехь воьхна хьийзаш стаг. И шиъ каде хьовзарна аьтто баьлла йоI цу чуьра сихха схьаяккха.

Хиллачун битам бинчу Кадыровс баркалла аьлла орцахваьллачу шина нохчочунна. Цул сов цо декъарелахь бина шен Iедалан белхахой турпалхошна дог айа совгIат дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG