ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн лаьмнаш къардеш бу эскархой юха а


Гайтаман сурт. Нохчийчохь - тIеман Iамораш.
Гайтаман сурт. Нохчийчохь - тIеман Iамораш.

Нохчийчоьнан лаьмнашка тIеман лерринчу ницкъийн массех дакъа доссийна сийсара а, тахана Iуьйранна МИ-8 "Терминатор" беракеманашца. Тактикан говзалла шаръеш болийначу барамашкахь дакъалоцу 1500 эскархочо. Иштта хаам баржийна Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Къилба гонан пресс-гIоьнчалло.

ТАСС агенталло бахарехь, массех Ка-52 "Аллигатор" беракема а ду Iаморашкахь дакъалоцуш.

ТIаьххьарчу Iаьнан беттанашкахь, Iамораш дIахьош, Д-6, Д-10 парашюташца лаьмнашка биссийна Къилба тIеман гонера салтий 20 эзарза, яздо хьасташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG