ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин экс-президентна кIело кечъеш хилла аьлла, нохчо дIалаьцна


Пачхьалкхан хилла президент Олланд Франсуа вен Iалашонца кIело кечъяр юкхахдаккха аьтто хилла Францин къайлахчу сервисийн. Меттигерчу BFM телеканало бина цунах хаам.

Кху деношкахь дIалаьцна Страсбургехь веха 16 долу нохчийн Хьамид С. цIе йолу кIант. Социалан машанехь оцу кхиазхочо зорбане даьккхина хилла Олландан сурт "Шемахь кеман тохарш долоран коьрта бахьана иза дара" аьлла, билгалдоккхуш. Шен вешига телефонехула динчу къамелехь цо аьлла хилла, экс-президент "тIелатар дан дика Iалашо ю".

КIанта тидаме эцна хилла Олландан хадархой цахилар а, цундела атта хир ду цунна тIекхача боху цо. Тоьшаллина шен политикца цхьана даьккхина сурт зорбане диллина Хьамида.

Билгалдоккху, кхиазхочуьнца цхьана кхин а виъ жимстаг дIалаьцна. Дуьйцуш дац уьш муьлхачу къомах схьабевлла бу. Карарчу заманчохь оцу гIуллакхна гонах таллама бу дIахьош.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG