Оршотан дийнахь ОвхIанистанан шахьарахь динчу эккхийтарехь лазийна 10 пачхьалкхан белхахо, хаамбина овхIанан Iедалхоша. ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-секретаро дIахьедарца, эккхийтар дечу хенахь микроавтобус чохь хилла балха боьлху динан гIуллакхашкахула йолчу урхаллан белхахой. Чевнаш йинчех цхьаъ ледарчу хьолехь ву.
Хаамбарехь, микроавтобусах йоьллина хилла оьккхуьйтург. Цкъачунна цхьана тобано динчу зуламах жоьпалла тIелаьцна дац, амма Кабулехь хьалха дуьйна а тIелатарш дира "Талибан" боламо а, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша а.
Дахначу кIиранах меттигерчу маьждигчохь эккхийтар дина велира кхо стаг, кеп-кепара чевнаш йира мел лахара а 20 стагна
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?