ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Суна массо а нахана гIо дан лаьа"


"Суна массо а нахана гIо дан лаьа"
please wait
Embed

No media source currently available

0:00 0:03:19 0:00

Дуьненаюкъарчу миграцин юкъаралло (IOM) а, Австрерчу нохчийн жигархоша дIаяьхьира нохчийн кегийрхошца ша-башха проект. 15-18 шераш долчу кегийрхоша цу проектехь дийцира шайн Iер-дахарх а, Австрерчу юкъараллаца шайн йолчу уьйрех а, Нохчийчоьнна шайн сагатдаларх а лаьцна а. Цу дийцарийн бух тIехь цара шайх лаьцна йоца документалан филмаш ехира. Проектан жамIашкахь Венехь даздарш дIадаьхьира, филмийн авторш а, проектан куьйгалхой а болуш дакъалоцуш. БIе сов хьеший а гулбеллера Австрин коьртачу шахьарахь нохчийн кегийрхой декъалбан. Кегийрхоша яьхна филмаш гайтира гулбеллачарна. Суьйре ерзош нохчийн кхачанаш а бууш хан ехьира суьйренан хьешаша а, дайша а.

XS
SM
MD
LG