ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зеленский Владимира бакъо елла Саакашвилина Украинехь ваха


Саакашвили Михаил
Саакашвили Михаил

Одессан кIоштахь губернатор лаьттинчу Саакашвили Михаилна Украинан вахархочун бакъо юхаелла пачхьалкхан президенто Зеленский Владимира. Украинхойн куьйгалхочун сайт тIехь бина цунах хаам. Омрана куьйгяздинчул тIаьхьа Саакашвилис дIахьедина, кхааридийнахь ша Киеве вогIур ву аьлла. Политик тIетайна президентна Зеленский Владимирна, иштта шен дегайовхо хиларх дIахаийтина цо, "Слуга народа" шен партино хинболчу парламентан харжамашкахь толам боккхург хиларх а. Иштта чIагIдо Саакашвилис, Украинехь политикан карьера дIаяхьа лаам бац шен бохуш.

2015-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Украинан хиллачу президенто Порошенко Петрос Одессан кIоштан пачхьалкхан администрацин куьйгалле а хIоттийна, Украинан паспорт деллера Саакашвилина. Ткъа 2017-чу шарахь шен ший а сацам юхабаьккхинера цо. Оццу шеран Гезгамашин-баттахь шен агIончашца цхьана Украине а веана, Порошенке дарж охьадиллар кхайкхийнера Саакашвилис. 2018-чу шеран Чиллан-баттахь пачхьалкхан дозанхойн урхалло кхаа шарна дихкира цунна Украине ван.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG