Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейно (ПАСЕ) Оьрсийчоьне кхайкхамбина, политик Немцов Борис вер таллар юхадоладе аьлла. Литван делегацин декъахочо Зингерис Эмануэлиса лерина кечйинчу рапорт тIехь билгалдаьккхина, оппозицин политик верах бакъдерг хIинца а къаьстина дац аьлла. Талламаш дIахьочу юкъанна хIиттийначу камераша дIаяздинарг карийна дац, оцу зуламан цхьаболу тешаш лебина а бац, доккхачу декъанна. Цул совнах, ПАСЕ-с тергойина, дов хоттучу хенахь коьртачу тешийн тоьшаллаш бIостане хиларан а, ишта кхелан процессехь низамаш дохийна хиларан а.
Iедалера пурба ца хилча Немцов вен зуламхой хIуттур бацара аьлла хета ПАСЕ-н декъахошна. Шайн цу кепара шеконаш кхоллаяларна жоьпалла Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочунна Бастрыкин Александрна а, Инарла прокуроран гIовсна Гринь Викторна а тIехь дуьту цара.
"Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн Iалашо яц Немцов Борис вер таллар а, бехкениг къастор а. Амма гуш ду, сацам тIехь Iораяьккхина официалан верси талламан а, кхелан процессан а ладамечу гIалаташна тIехь хилар а, дуккхаъчу фундаментале хаттаршца йолчу уликашца йогIуш цахилар а", - аьлла, билгалдаьккхина рапорт тIехь.
2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чохь вийра оппозиционер Немцов Борис Кремлна герггахь. Оцу зуламна бехкевина пхи стаг набахтехь хан токхуш ву. Мила вара иза вен тIедожийнарг хIинца а къастанза дуьсу.