ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаев Мовсар бехказваьккхина Екатеринбургерчу кхело


Хасаев Мовсар
Хасаев Мовсар

Екатеринбургерчу Свердловн кIоштан кхело бехказваьккхина меттигерчу криминалан гонашкахь дош лелаш хилла Арутюнян Ашот верна цхьана шарахь сов изолятор чохь латийна Веданара Хасаев Мовсар.

Цуьнан гIуллакх шен тергонехь латтош бара кIоштарчу нохчийн диаспоран векалш. Цара кехаташ яздинера Оьрсийчоьнан президенте а, ницкъаллийн структурийн куьйгалхошка а, Хасаевн алиби хилар а дуьйцуш.

Бехктакхаман кодексан 105-чу артиклца (стаг вер) гIуллакх айдина Свердловск кIоштан Талламан комитето динчу зуламна дуьхьал.

Масийттазза юкъахдаьккхира и гIуллакх таллар, амма 2016-чу шарахь шеконаш эгийра Нохчийчуьрчу вахархочунна Юсупов Романна тIе. Цунна вевзаш хиллера Арутюнян. Талламчашна хетарехь, оцу зуламна бехке хила а тарлора иза. Кхечу артиклца бехкевина, чохь латто Юсупов кхелхира 2013-чу шарахь Екатеринбургерчу СИЗО-хь. Иза веллехь а, цуьнан телефон чохь карийначу зIено кхачийра низамхой Хасаев Мовсарна тIе. Юсуповн телефон чохь сурт карийнера, иза нохчийн лаьмнашкахь Хасаевца жижиг кхорзуш Iаш.

Шен цIенна гергахь, коьртах герз тоьхна вийра Арутюнян Ашот 2011-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 27-чу дийнахь. Полицино хIоттийначу васто бахарехь, "25-30 шо хир долуш, славянех тера вогIу, 165-170 сантиметр лекха, еха бедар йоьхна, бIаьргаш тIе бейсбол-куй теттина" стаг ву зулам динарг. БукътIехьара гина иза Аратюнян хиллачу цуьнан шина хадархочунна, амма ма-варра иза ган ца ларабелла уьш – сихха ведда, къайлаваьлла зуламхо.

Адвокаташа Хасаевца ца догIу боху и сурт. Мовсар заьIапхо ву, цхьа ког бу вукхул боца. Вац иза вада таро йолуш, некъахьовзамехь чолакхвисина 1998-чу шарахь.

Цул совнах, Хасаев шен дахарехь цкъа а хилла вац Екатеринбургехь. Иза бакъхиларан тоьшаллаш дора 100 стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG