ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЦӀеххьашха юьхь бос байра цуьнан, иза охьавиллира цӀенкъа"


Полисхойн луъург лелорна дуьхьал пикет.
Полисхойн луъург лелорна дуьхьал пикет.

"Цкаевн гIуллакхехула" теш Кадалаев Виктор ца веара ша левайта, валарна

Цкаев Владимирна етташ теш хилла вара Кадалаев Виктор. Цуьнан тоьшаллаш бухе дехкинера полисхой бехке беш теллинчу бехктакхаман гIуллакхана. ХIинца цу тешан аьтто бац я тIечIагIда, я юхадаха ша дина тоьшаллаш. Кадалаев велла 2018-чу шеран Дечкен-баттахь. Кхелан-медицинан экспертизан жамIца, валале еххачу хенахь цамгаро лаьцна меттахь Iиллинера.

Верзина стаг гира, коган баххьаш тӀе лахвелла Ӏаш

Делахь а, цу стага дина тоьшаллаш довзийтира кхелан тIаьхьарчу кхеташонехь. Царца а догIуш, тешхӀоттийначун статусехь хиллачу Кадалаевна гина хиллера №57 кабинетехь хиллачуьнан цхьа дакъа.

Иза тешна вара, лаьцначу стагана еттар ларамаза дацара бохучух. Инцидент хиллачул тIаьхьа Кадалаевга дехнера харц тоьшаллаш дар. Иза хьулвина лелийнера талламхочух.

Кадалаевс динчу тоьшаллашца, полицин декъера араволуш шена хьоькхуш мохь хезча, лаьцна волу Цкаев волчу кабинетан неIаре вахана хиллера иза. Цу чохь лаьцначун етташ бохкуш полисхой гинера цунна.

"И стаг эргIадвахара шен логах кхоза жаIар а, шена тIера хеча а уьш дIаяккха буьйлабелча. Суна иза сайн бIаьргашна гира. Кабинета чухьадира кхо полисхо, уьш муьлш бара дага ца догIу суна. Уьш мийраш бетта буьйлабелира лаьцначун. Цул тIаьхьа, куьйгех гIоьмаш а тоьхна, цара иза юханехьа гIаьнта хаийра. Эцу маьIаргонна со кхийтира цу стеган дог малделла хиларх, хIунда аьлча цӀеххьашха юьхь бос байра цуьнан. Иза охьавиллира цIенкъа".

Лачкъийна латтийра талламхочух

ШолгIачу дийнахь, и стаг велча, Кадалаев тIекхайкхира Иристонан кIоштан ОВД (полицин декъе). Цигахь цуьнга дехар дира, Цкаевс ша шен корта стоьлах а, лаьттах а биттина хилар тIечIагIде аьлла.

"Нагахь полисхоша и стаг велла хилар соьга хаийтинехь, ас цкъа а дийра дацара цу тайпа тоьшалла", - билгалдаьккхира коьртачу тешо.

Кадалаевс дийцарехь, инцидент хилла масех кIира даьлча низамаш лардон органийн белхахоша Сытник Тимура а, Медов Инала а цунна а, цуьнан хIусамнанна а петар лаьцна хилера, цу шинна цу хIусам чуьра арадалар а дихкина.

"Тхойшиъ лоьхуш долун дела цхьана ханна лачкъа деза аьлла элира цу шиммо, цхьацца халонаш нисйелла, шу шиъ "гучура дIадаьлча" дика хир ду аьлла", - дийцира тешо.

Шина дийнахь цкъа тоьрмигашкахь 3-4 эзар соьмана даар дохьуш хилла цу шинна. Полисхой тешо гIерташ хилла Кадалаев шайгахьа тоьшаллаш дар цунна гIоле хиларх лаьцна, Цкаевс ша шен корта пенах биттина хилла аьлла.

Кадалаевс дийцарехь, тIаьхьо Медовс аьлла хиллера цуьнга айхьа дийхира ала дезар ду хьан кхелехь хьайна "конспиративан" петар еза аьлла.

Цкаевн хIусамненан Цкаева Земфирин шеко яц, Кадалаевн валар ларамаза хилла бохучух. Таллам дIабоьдуш цо аьлла хилла цуьнга ша цомгуш ву аьлла.

Сытник левийр ву рогIерчу цхьана кхелан кхеташонехь. Цо дакъалоцур ду процесехь, видеоконференцехула, иза хIинца Къилбаседа ХIирийчохь вехаш цахиларна.

"Кавказ.Реалиино" яздина ма хиллара, Цкаев Владимир велира 2015-чу шарахь ГIадужу-беттан 31-чу дийнахь полицин декъехь, полисхоша левинчул тIаьхьа. Талламан версица, цунна йиттина хилла цу декъерчу полисхоша, боцу бехк тIелацийта гIерташ. Карарчу хенахь цу бехктакхаман гIуллакхехула кхелан гIанта хаийна ву 10 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG