ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу суьдхочо 10 миллион тIедожийна хаамийн гIирсашна


Соьлжа-ГIалин Заводской кIоштан кхелахочо Дауркин Игора шен сий а, белхан репутаци а Iалашъярхьама латкъамбина кхеле "Клерк" интернет-хьостана. 10 миллион сом тIедожийна цо, яздо "Новая газетано", адвокатан Беньяш Михаилан информацина тIе а тевжина.

"Карарчу хенахь къаьстинарг ду, Дауркина хаамийн 6 хьостанна арздина хилар 5 миллионна тIера 10 миллион соьме кхаччалц компенсаци тIейожош царна", - аьлла адвокато.

Кхелахочунна цатайнарг ду, Нохчийчоьнан бахархошна 9 миллиард сом декхар дуьтуш ша сацамбина аьлла, зорбанашкахь яржийна артиклаш.

"Новая газетан" информацица, "Клеркна" динчу арз тIехь Дауркина билгалдоккху, хаамийн гIирсаша "Нохчийчоьнан масална тIехь регионаша шайн газах декхарш а тIерадахар тIедожийна" аьллачу артиклехь харц информаци яржийна ца Iаш, дуккхаъчу бахархошна моттийтина, "кхелахочун вердикт "кхиболу нах а юьхьарэца марзбеш санна ду" аьлла.

Хьалхо Дауркина изза иск чуеллера кхи а цхьа могIа хьосташ бехкедеш. ХIетахь цо тIедожийнарг 25 миллион сом дара.

Кху беттан 18-чохь Маршо Радионо хааме даьккхира, ша 9 миллиард сом декхар дIадайина бохуш, хаамийн гIирсашкахь яьржина информаци бакъ ца хиларх дIакхайкхаде аьлла, тIедожийна Нохчийчуьрчу суьдхочо Дауркин Игоря аьлла. Цо бахарехь, цу хьокъехь сацам тIеэцнарг кхи суьдхо ву. Шен репутаци Iалашъярхьама Москварчу кхелашка пхи иск чуеллера Дауркина. Ша вуьйцуш, шена бинчу Iаткъамна дуьхьал 25 миллион сом далар а тIедожийнера суьдхочо.

Дауркина ма-боххура, сацамбинарг ву кхелахо Имаев Ахьмад, дуьйцу "Говорит Москва" гIирсо.

Карладоккху, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело бахархоша газах тIехьарчийна 9 миллиард сом декхар дIадойуш бина сацам юхабаьккхира республикан Лакхарчу кхело.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG