ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марха достучу деношкахь нисъелла ЕГЭ дIатеттина Нохчийчохь


Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а Марха достучу деношкахь нисъелла дешархойн пачхьалкхан экзаменаш (ЕГЭ) кхечу ханна дIатеттина Рособрнадзоран пурбанца. ПIераскандийнахь журналисташка бина а хаам Дагестанан дешаран, Iилманан министраллан пресс-гIуллакххоша.

"Дагестанехь марха досту 5, 6, 7-чу а деношкахь. Оццу деношкахь ЕГЭ дIаяла декхарийла бара школашкара дешархой. Керла билгалдаьхначу терахьашца карарчу беттан 27-28-чу деношкахь дIалур ю экзаменаш".

Чекхбала герга бахна Рамадан бутт. Хьегна хало дIа а хьажош, адамаш вовшашна къинтIера довлу, хьастало Деза денош ду тIедаьхкинарш.

Кхечу бусалба юкъараллехь а санна, Нохчийчохь а ду хIара денош даздеш. Хьеший тIеоьцуш, берашна мерза кхачанаш кхийдош хьийза доьзалш.

Бусалбачу нахана тIедиллинчу пхеа парзанех цхьа парз ду Мархийн Баттахь марханаш кхабар. Кхечу хенах къаьсташ, алсам ламазаш дар а, алсам диканиг дар а, вончу хIуманех а, къинош дарх а чIогIах ларвалар а ду Мархийн Баттахь бусалбачу наха ойла алсам тIеяхийта езачарех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG