ТIедогIу белхан кIира доца хир ду, Мангалан-беттан 12-чохь Оьрсийчоьнан Де даздеш хиларна. Даздар нисделла кхаарин дийнахь, цундела цхьаьнаметта кхаа дийнахь садаIар нислур дац кху шарахь.
«Российская газето», Росдтруд министраллан тIе а тевжаш, хаам бина, Мангалан-беттан 11-чохь белхан де дацдийр ду цхьана сохьтана аьлла. Цу кепара Мангалан-баттахь хир ду 19 белхан а, 11 мукъа а де.
Хьалхо Мангалан-беттан 4,5,6-гIа мукъа денош кхайкхийра Нохчийчохь, Мархийн бутт чекхбаларца доьзна. Цу хьокъехь указ арахийцира, Кадыров Рамзана садоIучу юкъана, республикан куьйгалхочун декхарш кхочуш деш хиллачу Хучиев Муслима.
И сацам бира цо, Нохчийчоьнан муфтиятан дехарца, динех лаьцначу Оьрсийчоьнан федералан низамна ("О свободе совести и о религиозных объединениях") тIе а тевжаш.