ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

70% Нохчийчуьра школаш болх беш ю шина рожехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Шина рожехь болх беш йолу школаш цхьана роже яха гIерташ ду Оьрсийчоьнан Iедалш. Амма карарчу хенахь иза дан аьтто ца баьлла, цхьана Москох гIалахь а бен. Оьрсийчоьнан дукхаха йолчу регионашкахь юккъерчу школашкахь бераш доьшуш ду шина рожехь.

Роспотребнадзоро билгалдаккхарехь, цу гайтамехь уггар ледара хьал ду Нохчийчохь. Цигахь 70% школаш ю шина а, наггахь кхаа а рожехь болх беш.

Ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча, кху тIаьхьарчу 4 шарахь цхьана рожехь болх бечу школийн терахь тIекехтта 3,7%. ХIинца иза ду - 82,3%.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG