ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЖIаьла а ма ду Дала кхоьллина..."


ПхоьалгIа шо а ду Соьлжа-ГIалахь "Дахаре догдохийла" цIе а тиллина, арахь лелачу дийнаташна гIо латтош йолчу волонтерийн цхьанакхетаралло болх бен. Нохчийчохь ша цхьаъ йолу дийнатийн хIусам ю иза.

Цомгуш долу, урамашкахь схьагулдина ши бIе гергга жIаьла а, цициг а ду цигахь кхобуш. Царех ах бохург санна заьIап ду, цхьаммо дола ца дахь, хIаллак хир долуш. Меттигера йиъ яхархо ю церан доладеш: Ибрагимова Румиса а, Даниш Алена а, Зумаева Элита а, Клементьева Ольга а.

Церан терго йина ца Iаш, Ольгас шен цIахь Iуналла деш а ду 30 цициг а, 4 жIаьла а. Уьш дерриш а арара схьалехьина ду цо.

Луш белхан алапа а доцушшехь, оцу зудабераша дарба до царна, юург латтайо, ловзу цаьрца, мерза хударш до царна, къинхетамечу бахархошкара ахча вовшахтуху церан хьашташна, лоьху царна керла хIусамаш. Ишта хьоьху дийнатийн стерилизаци ян езар а.

Зумаева Элитас дуьйцу.

- Республикехь хало ду стерилизацица дерг. Нах ца кхета, иза оьшуш хиларх. Кест-кеста базаршкахь охьатуьйсу наха цицигаш, тIаккха машенаша хьоьшу уьш. Цунна саготта цхьа а вац. Бакъду, тхуна бехкаш дохку цара, "нана хила" Дала елла бакъо ца юьту оха царна бохуш. Нахана совдоьвлла, оьшуш доцу дийнаташ даржа ца дайта хьийза тхо, цаьрга бала ца хьегийта. Нохчийчоьнан пачхьалкхан телевизионехь ролик гайтира оха, стерилизаци яр къа доций а, могушаллина талламбар а, мехий деттар а санна пайден хIума дуйла дIахоуьйтуш.

ДаьIна дийнаташ дукхаъ а деха. Оха жIаьлеш лоьцу, царна стерилизаци йо, нагахь санна, уьш могуш делахь. Цул тIаьхьа лергах чIуг тосий дIахоьцу, уьш латточу меттиге. Цицигашна лергах билгало уллиийла дац, амма бакъду, тхаьш Iалашден массо а цициг цIерашца девза тхуна. Арина, Чернышка, Палитра, Замишка…

Дукха хан йоццуш, тхайн хIусамна гена доццучохь яьшка карийра тхуна таIIийна чудоьхкина цицигаш а долуш. Цицигаш дуучу Китайхь кулинарин фестивалашкахь хуьлург карладаьккхира суна оцу суьрто. ДIа ладоьгIча, цу чуьра цхьа цициг делла хилла. Со хIун ала гIерта, и цицигаш дIакхийсинчо доккха къа латийна шена, стерилизаци йинчул а.

Тхан волонтерийн цхьанакхетараллана тIедогIуш цхьа а ахча дац, тхо массо а цхьацца меттигашкахь белхашкахь ду. Балхара девллачул тIаьхьа дийнаташца хан йоккху оха. Ветеринарашна дала а, дийнаташна юучунна а гIо хуьлу тхуна бахархоша лучу ахчанах. ХIора еаридийнахь инстаграмехь nadejda_na_jizn_grozny_ олий, дIакхайкхадо оха. Шайн таро ерриг даларе дог дохуш.

Волонтераш тIе ца тоьа, ахчанца а къоьлла хьоьгу. Дийнатийн хIусамна даим а гIо оьшу.

Дуьххьара шайн дIадуьйладаларх дуьйцу Элитас.

- Цхьа пхи шо хьалха сайн доттагIашца урамашкара да воцу цицигаш схьа а лехьош, уьш дузо дуьйладелира тхо. Цхьана дийнахь машено хьаьшна жIаьла карийра тхуна. ТIаьхьара ши ког а, юх а лелалуш яцара цуьнан. И тайпа дийнаташ кхи дIа а хир дуйла хаьара тхуна, тIаккха ойла хилира тха: хIусам оьшу кхарна аьлла.

Цхьа а чохь Iаш воцуш, ток а, хи а доцуш, дIатесна цIа карийра тхуна юьстах. Амма йоккха уьйтIе яра цигахь. Тхаьш тойира оха и хIусам, оьшу коммуникацеш тIе а ялош. ЖIаьлешна дарба а дира оха, юх йойначу жIаьлешна лерина гIудалкхаш ийцира. Цхьа хан яьлча, жIаьлийн летаро лулахой карзахбехира. Цара арздира хIусаман долахочуьнга, ткъа цо цхьа де хан елира тхуна шен кертара арадовла.

Таро йоьхнера тхан, жIаьлешна дан хIума доцуш. Мах белча а, уьш чохь дита хIусам ца карайора тхуна. Социалан машанашкахь посташ язъярх а, гIо ца хилира. Эххар а Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан велира тхоьца зIене. Цо дош делира тхуна, шу цхьаммо а арадохур дац, са ма гатде аьлла. Дийнаташна лерина ша керла хIусам йойтур ю элира цо.

Бакъдерг аьлча, ишта маса цунах гIуллакх хир ду аьлла, тешаш дацара тхо. Ши бутт хан яьлча Старопромыслан кIошта дIакхелхира тхо. Гено ду цига дIалела, амма жIаьлийн летарша цхьанна а новкъарло ца йо.

Офисан гIишло ю тхан, 36 чоь ю жIаьлешна а, цицигашна а, гонаха йина керт а йолуш. Керлачу гIишло чу тхо дехьадовлучу дийнахь ша Кадыров Рамзан а кхечира. Марта цIе йолу заьIап жIаьла а, бIаьрса доцу Дарира цициг а дIадигира цо шена лелон. Ша цу шиннан доладийр ду аьлла, тIе а лецира.

Цхьа хан яьлча мехкан куьйгалхочун йоI Iайшат а еара тхо долчу. Шен ден цхьа лерина уьйр ю аьлла, дийцира цо, тхоьгара дигинчу цицигца. Ша бIаьрзе делахь а, уьйтIахь гулбеллачарлахь иза дика вевза цунна бохура цо.

Байначу беттан 23-чохь инстаграмехь ролик зорбане яьккхира, Кадыровс цициг хьоьстуш, "со а, Дарира а бен кхеташ доцу къамелаш деш" ду аьлла, пост а язйина.

Нохчийчохь жIаьлешца йолу юкъаметтигаш чолхе ю. Башха лелош дац уьш керташкахь. Цундела Iаламат таронаш яц тхан заьIап жIаьла цхьана хIусаме дIанисдан.

- ЖIаьла лелор – хьарам ду бохуш, кхоллаелла стереотип ю нехан. – дуьйцу Элитас. – Ма-дарра аьлча, дихкина ма дац жIала лелор а, Дала кхоьллина дийнат ду-кх иза а. Цунах хьакхавала мега, амма жIаьлин туй боьха ду олуш ду. Цундела хIоразза а, жIаьлех хьакхавеллачул а тIаьхьа, ламаз карладаккха деза.

Суна хезахета, Соьлжа-гIала богIучара жIаьлеш лелош, цаьрца урамашкахула буьйлабелла уьш лелаш а. ХIуъа дийцахь а, кертахь лело йиш ма ю жIаьла. Суна бевзаш нохчий бу, жIаьлешна бун а йина, уьш кертахь леладо цара.

Кхечу регионашкарчу волонтерашца уьйраш латтайо оха. Цаьргахула масийттазза жIаьлешна хIусамаш карийра тхуна – Iаламат доккха хазахетар ду иза тхуна. Цхьана Нохчийчохь пхеа баттахь ши жIаьлин кIеза цхьацца хIусамашка дала ницкъ кхаьчна тхан. Бакъду, цицигаш дIаэца реза хуьлу, дукха хьолахь. Цхьана беттачохь 3-4 цициг дIатардо оха хIусамехь. Цхьаболчара яздо тхоьга, урамехь дIатесначу цицигашна тIехдовлуш, хьалха моьттура шайна, ша иштта дIалела и цициг, амма хIинца шу бахьанехь хиъна шайна, де доцу, гIо оьшу дийнат иза хиллийла. Оцу дешнаша оха лелориг маьIне хоьтуьйту тхуна.

Михальченко Лидия

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG