ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаьцна латторан хан яхйина гIалгIайн оппозицин лидершна Барахоевна а, Мальсаговна а


Магасерчу митинган декъашхой. Зазадоккху-бутт, 26-гIа
Магасерчу митинган декъашхой. Зазадоккху-бутт, 26-гIа

Гезгмашин-беттан 25-чу дийне кхаччалц лаьцна латторан хан яхйина ГIалгIайчуьрчу оппозицин лидершна Барахоев Ахьмадна а, Мальсагов Мусана а. Цу хьокъехь сацам бина Нальчикан гIалан кхело Мангал-беттан 5-чу дийнахь, хаам бо "Кавказ.Реалиино", адвокатана Точиев Баширна тIе а тевжаш.

"Фортанга.ORG" телеграмм-канало дийцарехь, Барахоевн а, Мальсаговн а гергарнаш чу ца битина кхелан кхеташоне, цара "къепедацарш лело а, низамца богIуш боцу чулацам болу акцеш ян а мега" аьлла.

Кхушара Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь хиллачу митинган декъашхоша шаьш дуьхьал хиларх лаьцна дIахьедарш дира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бинчу бартана. Гулбеллачара кхайкхамаш бора республикан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке, дарж дита бохуш. ШолгIачу дийнахь и акци дIаяьхьира, Iедалшкара бакъо а йоцуш. Митинг юкъахйоккхуш тасадаларш хилира цуьнан декъашхойн а, ницкъаллин структурийн белхахойн а.

Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а лецира Iедалша дуккха а адамаш дакъалоцучу къепедацаршка кхайкхар а, Iедалан векалшна ницкъ бар а толлучу бехктакхаман гIуллакхехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG