ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудовга иза хIунда "дIавайна" дийцар дехна Кадыровс  


Даудов Мохьмад а (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан а.
Даудов Мохьмад а (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дехна парламентан гIантдега Даудов Мохьмаде, ша дакъалоцучу мероприятешкара иза хIунда "дIавайна" дийцар. Цу кепар яра цуьнан реакци телеграм-каналаша Даудов кечлуш ву республикан куьйгалхочун даржехь Кадыров хийца аьлла баржийначу рогIерчу хаамна.

Де хьалха, Мангалан-беттан 6-чохь, СКФО Telegraph-о яздира Даудов социалан машанашна леррина хIиттийначу цхьаьнакхетаршкахь а бен гучу ца волу Кадыровна уллехь аьлла. И хаам оццу минотехь баржийра Оьрсийчоьнан президентан администрацица уьйраш ю бохуш юьйцучу "Незыгарь" телеграм-канало.

"Даудов Мохьмад юкъарваьккхина Кадыровн уллерчу нахах лаьттачу хьалхарчу гонера, иза гучу ца волу "тIай схьаделлар" санна йолчу шолгIачу тIегIанера мероприятешкахь а, ткъа иштта леррина социалан машанашна хIиттийначу цхьаьнакхетаршкахь а бен. Цуьнца цхьаьна Лорд воцуш ву цхьана а мехалчу а, кIевлинчу динца йоьзначу а мероприятешкахь", - аьлла дара цу хаамехь.

Цунна жоп луш, Кадыровс Даудовца цхьаьна оццу хенахь гойту эфир дIаяьхьра Инстаграмехь, "мича дIавайна Нохчийчоьнан парламентан спикер, цхьаболчу зорбанан гIирсаша ма чIагIдо Даудов Мохьмад Кадыровн хьалхарчу гонера дIаваьккхина бохуш", - яздо эфирах лаьцна "Нохчийчоь тахана" агенталло.

"Со вара, сой хила везачехь" – жоп делира цунна Даудовс, яздо "Кавказ.Реалиино".

Кадыровс дIахьедар дира, шаьшшина юкъаметтагаш йоьхна яц аьлла. "Шу аьлларг хир дац шуна", - билгалдаьккхира цо. Цунна тIетайра Даудов. "Тхойшиъ цхьаьна ву Кадыров Ахьмад-Хьаьжин новкъахь, кIезиг ладогIа аш эладитанашка а, хабаршка а", - элира цо.

Кадыровн а, Даудовн а Инстаграмерчу эфирехь вара къона артист а, "Ты – супер" телепроектан декъашхо а Алиев Юсуп. Цо кхочуш йира масийтта эшаран композици.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG