"Цхьа борз ю-кх хьо!"
… Къинхетам бина Дала, тIера цIока а этIаш, махана дуьхьалйирзинчу Барзах. Аьлла: "Хьан дуьхьа, майра Борз, даха дуьту ас хIара дуьне, амма ца доккху къинойх хьалха". Адамаша йийна шайн Iесаллин теш хилла Борз. ХIетахь дуьйна, Деле кхойкхуш, муцIара стигал а ерзайой, угIу Борз. ...Массаьрга а санна, Дала жоп доьхур ду Барзе: "Ахь муха лайра оццул дера мох?" – аьлла. "Сан когаш кIел Даймохк бара, ца йолура лар ца бича", - жоп лур ду Барзо. Оццул еза ю борз нохчийн барта кхоллараллехь. ...Мел евза шайна Борз хьовсал! (МеттахIиттаде кицанашкара "эгна" дешнаш).
![](https://gdb.rferl.org/f8169d02-d922-4813-9f07-85968b5d5d1c_cx26_cy9_cw74_w250_r1_s.jpg)