ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь некъахьовзамехь лазийна машенлелорхо


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Бохам хилла пIераскана сарахь Хьалха-Мартанан кIоштахь. "Дэу Нексиа" жимачу машенахь вогIучу 60 шо долчу стага дуьхьал йогIучу йоккхачу машенах тоьхна иза. И бахьана долуш чевнаш хилла шофёр дIакхачийна Хьалха-МартантIерчу дарбанан хIусаме.

Автокирабуттург олучу йоккхачу машенна хьалха хиина хилла Гихчуьра вахархо лаза ца веш кIелхьарваьлла.

Чоьхьрачу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, некъан инцидент хиларан хьелаш толлуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG