ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Космосерчу МКС станце туристаш хьовсо дагахь ю НАСА


SpaceX киралелон космосан кема тIехотталуш ду Дуьненаюкъарчу космосан станцина. 6Стиг2019

Iамеркан космосан агенталло (НАСА) хаам бина пIераскана дийнахь, ша мехах Дуьненаюкъарчу космосан станце могIарера бахархой бахийта дагахь хиларх лаьцна. Цу кепара ша лелочу цхьадолчу гIуллакхех пайда эца гIерта иза.

Цхьа некъахочо цхьа де станцехь даккхаран мах хир бу 35 эзар долларшена юкъахь коммуналан хьалшташ а долуш. Цу юкъадогIуш дац турист космосан станце вахийтар а, цIаверзор а. Цу хьокъехь космосе ваха луучо хIораммо а ша барт бан безара бу лерринчу туризман агенталлица.

Дийцарехь, туристаш космосе буьгучу компанех цхьаъ хила мегаш ю Маск Илонан SpaceX. 35 эзар доллар хила мегаш болу мах бу. Баккъалла а болчу ахчанан барам бозуш хир бу юьхьарлаьцнарг кхочуш деш хIоьттинчу хьолах.

НАСА-н дIадолор жоп ду, Дуьненаюкъарчу космосан станцина пачхьалкхан бюджетера ахчадалар дIадерзор ду 2024-чу шарахь, цунна коммерцин альтернатива а лохуш аьлла, стохка дIакхайкхийначу Трампан администрацин планашна.

НАСА-н векалша дIахьедарш до, тӀаьххьара Ӏалашо шайн орбитехь адамаш деха система кхоллар ю бохуш. Карарчу хенахь НАСА-но хIора шарахь 3-4 миллиард доллар дойъу Дуьненаюкъарчу космосан станцина.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG