ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стохка шена хиллачу пайданах лаьцна деклараци арахецна Нохчийчоьнан куьйгалхочо


Даудов Мохьмад а (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан а
Даудов Мохьмад а (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бовзийтина 2018-чу шарахь Дечкен-беттан 1-хь дуьйна ГIуран-беттан 31-чу дийне кхаччалц лаьрча шена хилла пайда. Цуьнан декларацица а догIуш, дIадаханчу шарахь цунна тIедеанчу рицкъан барам бу 7 581 174,29 сом, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Керла бахамаш ца гулбина Кадыровс. Хьалха санна 2344 йиъкIов метр чоьнан майда йолу хIусам а, иза тIехь лаьтта 3668 йиъкIов метр лаьттанан дакъа а ду цуьнан. Кадыров Рамзанан машен яц. Лелош ду 300 йиъкIов метр чоьнан майда йолу цIа.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнанас Кадырова Меднис 2018-чу шарахь ша даьккхина аьлла гайтина 60 эзар сом. Цуьнан долахь ю 209 йиъкIов метр чоьнан майда йолу петар.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 11 беран цхьа а бахам бац. Уьш чохь дехачу цIийнан чоьнан майда ю 300 йиъкIов метр. Амма Кадыровн берех цхьаммо пайда беана стохка 210 эзар сом барамехь.

ТIетоха догIу, 2016-чу шарахь Кадыровн шина беро 9,9 миллион сом хIораммо а даьккхина хилар. Ткъа 2017-чу шарахь цуьнан цхьана беро даьккхинера 296 эзар сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG