ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бухаяьккхина ГIизларна а, Шелковски кIоштанна а юкъара дозан билгало


Мангал-беттан 10-чу сарахь кегийрхойн тобано бухаяьккхина Дагестанан ГIизларна а, Нохчийчуьрчу Шелковски кIоштанна а юкъара дозан билгало, хаам бо Кавказ.Реалиин корреспонденто.

Бахьана ду цакхетам: и территори хьалха а яра Нохчийчоьнан дакъа, билгало лаьтташ яцара, ткъа иза дIахIоттийначул тIаьхьа, меттигерчу кегийрхошна моттаделла, лулахой шен дозанаш шордеш бу аьлла.

Билагало дIаяьккхина кегийрхоша, де хьалха социалан машанашкахь яржийначу видеонна жоп луш. Цу видеона тIехь Дагестанан цхьана вахархочо гайтира "Чеченская Республика Шелковской район" тIехь яздина некъан билгало. Цунна хетарехь, иза тоьшалла дара "ГIизларан территорех Нохчийн Республикан территори хиларан".

Кавказ.Реалиино дийцарехь, некъаца билгало лаьтта меттиг а, ткъа иштта цунна тIехьа долу лаьттанан дакъа а Нохчийн Республикан территори ю, боху Нохчийчоьнна а, Дагестанна а къара доза билгалдаккхарехула юкъараллин комиссин декъашхочо, регинерчу географин юкъараллин гIантдас Гаджиев Зураба.

"Цигахь билгало яцара лаьтташ, цхьа а хIума цкъа а ца хилара цигахь, цундела со кхета гIизлархойх – царна иза географин керланаш ду", - яздина Гаджиев Зураба Facebook-чу шен агIонехь.

Юкъараллина хета хиллачун бехке шина республикан куьйгалхой бу аьлла, "билгало хIоттоле нах хьолах ца кхеторна", яздо Кавказ.Реалиино.

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада шен Inctagram-хь дIахьедар дира, билгало шен метта дIахIоттор ю ша, ткъа полицино къастор ду иза бухаяьккхинарг мила ву. "Истори а, географи а Iамо еза, хIун мичахь чекхйолуш ю, хьена территри мичахь ю… ТIаккха аьтта хир ду вайна", - билгалдаьккхира цо.

Facebook-хь шинарин Iуьйранна хаамаш баьржина, Нохчийчоьнан дозанера билгало Даудовс шен куьйга юхадIахIоттийна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG