Хьалха-МартантIера номер 5 йолчу гимназехь дешна волуш волу кхиазхо велла лекхачу вольтийн ток тоьхна, хаам бо Кавказ.Реалиино. Инцидент хилла Мангалан-беттан 9-чохь.
Кавказ.Реалиин хьастано дийцарехь, вада араваьлла волу Бекмурзаев Мурад тоькан серийн аьчка богIамна тIеваьлла хилла, сурт даккхийта дагахь. Цу тIера охьавуссуш кIентан ког хьакхабелла лекхачу вольтийн ток лелачу серах. И бахьана долу вуно чIогIа вагийна иза велла оццу меттехь.
Цуьнца цхьаьна социалан машанашкахь цIе ца йоккхучу авторша яздо, Мурад велла бохуш, Соьлж-ГIаларчу 54-чу школехь ницкъаллин сруктурийн белхахошца дов даьллачул тIаьхьа, полицехь хьийзор бахьана долуш. Цара бохург тидаме эцча, Соьлж-ГIала иза вахана хилла ОГЭ экзамен дIаяла.
Хьалха-Мартанан номер 5 йолчу гимназин директоро Гучигов Ризвана харц бо и хаам. 54-чу школехь дар-дацар хуьлуш Мурадан цхьа а экзамен ца хилар, билгалдоккху цо. Цул сов, кхелхинарг ву 11-класс чекхяьккхина, ткъа ОГЭ экзаменах чекхбовлу дешархой 9-чу классехь, тидам тIебохуьйту Гучиговс.
Директоро дийцарехь, Хьалха-МартантIера дешархой наггахь а бен ца боьлху экзаменаш дIаяла кхечу кIошташка. Цу тайпаниг цкъа бен хилла дац. Иза дара маситта дешархо Соьлж-ГIала ингалс меттан барта экзамен дIаяла вахча.