ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ММА латархо Халидов лаьцна Польшин прокуратуро


Польшин полисхо.
Польшин полисхо.

Польшин антитерроран операцин бюрон белхахоша Варминьск-Мазурски кIоштахь лаьцна ММА-н латархо хилла Халидов Мамед. Цунах лаьцна хаам бо РБК-но, меттигерчу TVP Info телеканала тIе а тевжаш.

Польшин къоман прокуратуран зорбан секретаро цу телеканале бинчу хаамца, спортхо бехке веш ву ядийначу машенашна бакъдолу кехаташ дахарна (легализаци). Польше и машенаш чуялош хилла Чехера. Халидовн гIуллакхехь хьехош ю Porsche Panamera а, Range Rover Evoque а, BMW M6 а, BMW 7 а еза машенаш.

Халидов полицин декъе валийна Катовицы гIаларчу прокуроран омрица. Прокуратуре дIакхачийча цуьнга дов кховдор ду, ткъа рогIерчу муьрехь къастор ду спортхо лацарца доьзна хаттар. Иза хила дезаш ду тахана, Мангалан-беттан 12-чохь.

Болчу хаамца, Халидов лаьцна, 2018-у шарахь Дечкен-баттахь талла долийначу бехктакхаман гIуллакхехула. Цу юкъаозийна ву кхин 4 стаг.

Халидов Мамед Польшин латархо ву Нохчийчуьра схьаваьлла волу.
16 шо долуш кхаьчна иза Польше, Нохчийчохь хьалхара тIом болуш. 2009-2018-чу шерашкахь Халидов вара ММА латархо. 42 латарехь иза тоьлла 34-зза. Шен спортан карьера дIаерзийна цо 2018-чу шарахь ГIуран-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG