ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Нохчийчуьра цхьа эскархо вийна Шемахь


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчуьра цхьа эскархо вийна, республикера Оьрсийчоьнан армин батальонаш цига хьежо йолийнчхьана. Цунах лаьцна дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, "Интерфаксана" ша еллачу интервьюхь.

Кадыровс дийцарехь, вийнарг ву "эзарнийн шемахойн дахарш лардеш, шен дахар дIаделла жима стаг". Цо иштта билгалдаьккхиyа муха операцеш дIахьош бу цу пачхалкхехь эскарехь гIуллакх деш болу нохчий.

"Оьрсийчоьнан тIеман министраллан машарбаран батальонаш, шайна юкъахь Нохчийчуьрчу бахархойх кхоьллинарш а йолуш, вуно доккха дакъалоцуш ю маьршаяьхначу территорешна тIехь маьрша дахар дIанисдеш. Тхан тIемахоша къепе латтайо, ларбо маьрша бахархой а, объекташ а", - аьлла Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG