ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чемодановкехь дов даьллачул тIаьхьа 174 стаг кхачийна полице


Пензан кIоштарчу Чемодановка эвлахь М5 олу федералан некъ лаьцна меттигерчу бахархоша, кху беттан 13-хь хилла вовшахлатар талла бохуш. Хьалхо цу эвларчу културан хIусаман хьалха гулам хилира, бIеннаш наха дакъалоцуш. Зорбанан гIирсаша дийцарехь а, социалан машанашкахь баьржачу хаамашца а эвларчу бахархоша бехке йина меттигерчу цигонийн юкъаралла девне леларна. Мангалан-беттан 13-хь хиллачу вовшахлатарехь лазийна 5 стаг, царах цхьаъ тIаьхьо велла, кхин цхьаъ ву реанимацехь.


Меттигерчу зорбанан Iирсаша а, "База" телеграм-канало а дийцарехь, цыгонаш арабахар доьхуш бара гулбеллачарах цхьаберш.

Гуламехь вистхиллачу кIоштан губернаторо Белозерцев Ивана, дош делира, хилларг толлур ду аьлла. Делахь а цуьнах ца тешначу цхьаболчу бахархоша лаьцна некъ. "Яндекс.Картанаш" сервисо гайтарехь, цу тIехь 12 километр рагI а хIоттош, гулйеллера вуно дукха машенаш. ТIаьхьо ОМОН-ан белхахоша, машенаш лелар меттахIоттош, юьстахбехира некъ лаьцна лаьттарш.

Болчу хаамца, дIаяханчу буса Чемодановкехь ха деш бара Росгвардин эскархой. Талламан комитето бинчу хаамца, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан органашка дIакхачийна ву 174 стаг. Царах кхоъ лаьцна латарехь дакъалаьцна уьш хилар шеко йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG