ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIезалойчоьнан президент: Нохчийчоьнан цIе туьллур ю тIеман хIордан кеманна    


Гайтаман сурт.

Нохчийчоьнан сий дархьама Зеленодольскерчу заводехь дечу ракеташ лелочу цхьана тIеман хIордан кеманна "Чечня" (Нохчийчоь) цIе тилла еза аьлла, хьахийна ГIазалойчоьнан президенто Минниханов Рустама. Цунах лаьцна гIезалойн куьйгалхочо дIахьедар дира Болгархь меттигерчу динан дайшца а, Iелим нахаца а хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Миннихановс дагадаийтина "Дагестан" а, "Татарстан" (ГIезалойчоь) а, "Ингушетия" (ГIалгIайчоь) а цIерш йолу хIордан тIеман кеманаш хIинцале а дина хилар.

Цкъачунна "Чечня" хIордан кема дац, амма иза хир ду", - аьлла ГIезалойчоьнан президенто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG