ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сенатора Каноков Арсена тидаме эцна жигархо Кочесоко лацар


ГIебарта-Балкхаройчоьнан президент лаьттина, тахана шайн мехкан сенатор волу Каноков Арсен саготта ву "Хабзэ" юкъараллин куьйгалхо Кочесоко Мартин лаьцна латтош хиларх.

Федерацин Кхеташонан декъашхочо дехна ницкъхошка, Кочесоко изоляторера дIа а хецна, цIахь тергонехь латточу низаман кепе хIоттор.

"Со сайн агIор кийча ву Москох лаккхара корматалла йолу адвокат лаца а, верасалла сайна тIеэца а, таллам нийсонца дIабахьийта а. Кечдеш ду Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре депутатан дехар а", - аьлла Каноковс шен Facebook машанерчу агIонтIехь.

Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, ГIебарта-Балкхаройчоьнан Лескенан кIоштахь кху беттан 8-чу дийнахь лаьцна "Хабзэ" юкъараллин куьйгалхо Кочесоко Мартин. Талламо бахарехь, наркотикаш карийна цуьнан машена чохь. Жигархочун уьйраша чIагIдарехь, цо бечу юкъараллин балхах иза вохорхьама бухакхоьссина цунна низамехь йоцу коьчал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG