ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хино хIусамашна зен динарш леткъа Путине


Стохка хи хьадча, шайн хIусамаш йохийначу Краснодар махкарчу Кривенковское юьртарчу бахархоша видеошца дехарш дахьийтина президенте Путин Владимире. Наха аьрзнаш до шайна гIо ца дечу Туапсен кIоштан а, регионан а Iедалшна.

Бохам хиллачийн могIарахь бу 176 доьзал. Царех цхьана декъанна хIусаман сертификаташ елла, амма гIо доцуш йисина 100 сов ков-керт – тахана а дац меттахIоттийна церан дайшна хилла зен.

Кхечу меттехь хIусамаш йолчу, я кхечу цIеношна тIеязбинчу наханна меттигерчу низамаша ца кхачадо гIо, олу леткъамхошка меттигерчу Iедало. Делахь а, шаьш кIоштан, мехкан низамаш хуьйцур ду, гIодийр ду баьхнера бахархошка хьалха, амма лар ца дина делла дош.

“Орцан министралло а, бахархошна гIоьнна кхоьллинчу кхечу министраллаша а ца дина шаьш дийр ду баьхна гIо. Я меттигера низамаш а ца хийцина, я компенсацеш а ца делла. Дукха нах бу йоьхначу хIусамашка дIакхелхаш", - элира “Кавказ.Реалиига” вевзаш волчу юкъархочо Витишко Евгенийс.

Хино зен динчу наха дIадахначу кIиранах Краснодарехь протестан акци хIотто дохку шаьш, аьлла, дIахьединера Iедале, амма мэрино ца магийра царна гулбала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG