ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена кхел ечарна а гуш велла Мисаран экс-президент Мурси


Мисарахь президент лаьттина Мурси Мохьаммад кхеле озийра шпион ву аьлла. Шен девнан рогIерчу ладегIаршка валийначохь, наханна хьалха, велла иза оршотдийнахь. "Бусалба Вежарий" партин лидер Мурси Мохьаммад хаьржира наха шайна дуьххьара маьрша харжамаш магийначу Мисарахь. Амма 2013-чу шарахь тIеман карчамца даржах ваьккхира иза. Карчамхоша бехкевора Мурси Палестинерчу а, Либанерчу а радикалан тобанашца уьйрехь хиларх шеко йолуш.

XS
SM
MD
LG