ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхой ГIизларан туьканан чохь


Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а (аьрру агIорхьара).
Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а (аьрру агIорхьара).

Муха марсадоккху дов могIарерчу кхоччуш цакхетаро

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанехь иккхинчу могIарерчу кхоччуш цакхетаро доккха дов даккхаза дитина. ХIун пиар-гIалаташ довлийтина, схьахетарехь, дуьххьара бакъ хиллачу кадыровхоша?

Жимма хиллачу исторех лаьцна: Мангалан-беттан 10-чохь кегийрхойн тобано йохийра Дагестанерчу ГIизларан а, Нохчийчуьрчу Шелковски кIоштанан а дозанехь йолу некъан билгало. И территори хьалха а Нохчийчоьнан дакъа хиллехь а, билгало яцара цигахь, амма иза дIахIоттийча меттигерчу кегийрхошна тарделира, лулахо шен бахам шорбеш ву.

Цу кепара жигархоша реакци йира, де хьалха социалан машанашкахь яржийна видеона. Цу тIехь цхьа стаг вара ГIизларара араволучехь "Чеченская республика Шелковской район" билгало гойтуш, цунна хетарехь "ГIизларан территорех Нохчийчоьнан территори хилар" тоьшалла долу.

Хеталур дара, атта дара кхетор, конфликт ма-дарра аьлча яцара, аммма Нохчийчуьрчу Iедалан векалша маситта шеконан гIулч яьккхира.

ХIун дацара иштта

Цкъа-делахь, кхеташ дац Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад хIунда ца ван велира Дагестане, ши куьг а ластийна, тIеман гIарол а доцуш. Интернетехула яьржира, ГIизлар гIала йогIучу камуфляж йолчу машенех лаьттачу ковре бист ца хуьлуш хьоьжуш "гаишникаш" а болуш, яьккхина видео. Меттигерчу бахархошна гира иза ницкъ гайтар санна.

ШолгIа-делахь, дагестанхой эргIадбахийтинарг дара, Даудовс ГIизларан кIоштан куьйгалхочуьнца Погорелов Александрца къамел муха дира бохург. Цо гулбеллачарна хьалхха чехийра луларчу субъектан Iедалхо, субординаци а йохош: "Кхузахь хIара "бардак" Нохчийн Республикана а, Дагестанна а юкъахь хуьлуш ю ГIизларан гIалан администраци бахьана долуш".

КхоалгIа, тидам ца беш ца дисира Даудовс хенара дагестанхочуьнца цуьнга "ты" бохуш дина къамел. Политико дош делира дIаяьхна билгалонаш оццу меттехь юхадIахIиттор хиларх лаьцна. "Ахь иза сан докъан тIехула бен йоккхур яц и билгало дIа", - элира цо дуьхьалволчуьнга. Вукхо шега аьлларг юхатуьйхира, у а дIадоккхур ду, хьан дакъа а дIадоккхур ду" аьлла. Цу бага леяран дакъа шуьйра даьржира социалан машанашкахь.

Мангалан беттан 11-чу дийнахь къовсам дехьабелира интернете. Даудовс онлайн эфир йира Instagram-хь. Иза дIайоьдуш цо блокаш хIиттийра шена реза боцучу дагестанхошна. Уьш "балаболаш" олу даьсса къамелаш дукха деш болу хабарчаш бу бохуш вара иза. Ткъа, вежарий болчу герзца хIунда веара аьлла шега хаттар дича, доцца жоп делира: "Иштта лиира-кх суна".

ДоьалгӀа, дуьххьара хилла йоцу конфликт лагIлуш ю аьлла хеттачу хенахь, цIе марсаяьккхира ша Кадыров Рамзана. Цунна, гучудаларехь, халахетийтинарш яра социалан машанашкара комментареш. Дагестанхошка шен кхайкхам цо болийра могашаллана тIера, аьлчи а халкъийн доттагIаллана тIера, ткъа дIаберзийра шен стандартан кхерамашца.

"Оха дерриг а доьшу. Динна тоба ю цу тIехь болх беш. Тхан Iадаташ ду, ламасташ цхьаммо юкъара дIадаьхна дац. Цундела ларлуш дийца шаьш дуьйцург, шайн пIелгашна доладе, иза ца дахь оха пIелгаш кегдийр ду, мотт озийна схьа а боккхур бу. ДIахаалаш: цхьа а питанан комментарий, видео, публикаци юьтур яц. …Со шуна дика вевза. Айса аьллачух жоп луш безам хиларан Iедал ду сан".

И бахьана долуш либералан пресса къерза йолаелира "Кадыровс кхерам тесна Дагестанерчу комментаторшна пIелгаш кагдийр ду аьлла" цIерш йолчу хаамашца.

ПхIоьалгIа, вевзаш воцчу стага Шелковски кIоштахь тIе "КамАЗ" тоьхна шолгIа некъан билгало йохийча, Даудовс видео дIаязйира, Кадыровниг санна дика йолаелла йолу – аннех летар товш ца хиларх а, вежараллех а, питанаш тийсар дита дезаш хиларх а лаьцна. Амма чакхенехь иза рельсаш тӀера велира, некъан билгало йохийначу шофёрана тIе а верзуш: "Хьо стаг вац. Хьо стаг хила а мега, амма зударийн тайпана. Хьан тайпанехь а ца хилла боьрша нах. …Я хьо, кхуза а веана, кхин цкъа а билгало дIаяккха гIоьртар ву, я хьайн миксерна тIехь, цуьнан яйн чохь хьийзаш дIагIур ву хьайн цIа".

Цо а питана тесира, шайн критикаш цементан яйн чохь хьийзочу вон кадыровхойх лаьцна дуккха а публикацеш гучуйовлуьйтуш.

Цу дерриг дагардинчух жамI дан догIа: я Нохчийн Республикан куьйгалхой леррина дов марса даккха гIерта, я цара лан ца дугIу, аьллачун юкъара шена авторна дуьхьал ерзо мегаш йолу цитата схьаяьккха аьтто болуш ялахь, иза вон цитата хилар хууш болчу шайн пиархошка. Ткъа "Оьрсийчоьнан низамашца къастор ду оха" боху фразанаш санна болу "кхерамазаллин гIайбанаш" цхьаммо а тидаме ца оьцу.

Кадыровхошна пайдехьа ца дирзира, "Нохчийчоь кхин а цхьа кийсак шена схьаяккха гIерташ" хиларх лаьцна роликаш вовшахтийса бевддачу Москохарчу блогерша озабезаме яздинарг а.

"Цул хьалха ГIалгIайчоьнера дIаяьккхира, хIинца Дагестанан рагI ю", - дIахьедира, нохчаша ГIизларан дакъа схьадаьккхина аьлла хIунда делахь а тешна волчу видеоблогеро Иванов Дмитрийс (kamikadzedead).

Даудовс а хенара дагестанхочо а воше бага леяр а гайтина, Ивановс жамI дира: "ХIорш ю бакъйолу Дагестанан а, Нохчийчоьнан а юкъаметтигаш". Шинарин дийнахь 3 сахь 15 минот яьллачу хенахь цу видеога хьажжера 490 эзар стаг.

Кадыровн кхерамашна мах хадийра оппозицин политико Навальный Алексейс. Цо ша цецваьлла хилар хаийтира, "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" лидерех цхьаъ волчу, губернаторо, ерриг а инструкцешна муьтIахь хила везачу Iедалан даржхочо "аш суна Instagram-хь цIерш тахкахь, ас шун мотт схьабоккхур бу" бахарна.

"Берш бист ца хуьлуш Iаш бу, цхьа а хIума хуьлуш дац", - куьйгаш дIасадахийтира Навальныйс. Цунна хетарехь, карарчу хенахь Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъахь десташ долу дов "тера ду цхьана декъанна хьалхо ГIалгIайчохь хиллачух".

"Кавказ.Реалиино" яздина ма хиллара, ГIалгIайчоьнца хIоьттинчу хьолехь а Москохарчу а, Петарбухерчу а интеллигенцино гIортор йира Магасехь дуьхьалонан акцеш дIахьочу нахана. Церан ойланийн некъ тIе богIура цхьана хIуманна: гIалгIай буьрсачу Рамзана кепатоха хьийзош долу къам ду. Цу кепара, Кадыровн нахалахь йоккху цӀе тайп-тайпана хиларна, Нохчийчоьнан куьйгалхочун критика ярна тIе баьлла лаьттаца боьзна къовсам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG