Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Трамп Дональда бинчу хаамца, иза дагахь ву тIедогIучу кIиранах Японехь хIуттучу G-20 саммитехь Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнца Путин Владимирца къамел дан.
"Оьрсийчоьнца барт карон лаьа суна", - аьлла Трампа ша Fox News телеканална интервьюхь луш.
Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан пресс-гоьнчас Песков Дмитрийс дIахьедира, шен дац Путинан а, Трампан а цхьаьнакхетарх лаьцна ала керла хIума. Осакерчу саммитехь хиндолу цхьаьнакхетарш дийцаредеш бен а дац, бохура цо.
Вашингтонца юкъаметтигаш тояларе сатуьйсу ша, Японерчу саммитехь хила мега шен Трамп Дональдца къамел, элира Путина Сочехь журналисташца цхьаьнакхеттачохь.
Стохкалерчу Буэнос-Айресерчу G-20 саммитехь хила тарло шина президентан цхьаьнакхетар, бохура агIонийн хьасташа, амма ца хилира. Бахьана дара аннекси йинчу ГIирмин бердашца Оьрсийчоьно 24 Украинан хIордахо лацар. И нах тахана а кхобу Оьрсийчоьно шегахь.