ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

93 шо долчу гIалгIайн къаночо, жигархочун Погоровн дас, хаттар дина Путине


Лаца кхайкхийна, лохуш волчу гIалгIайн жигархочун Погоров Ахьмадан дас Сираждина хьалххе кечдина президенте дала хаттар. Путина "халкъаца къамел" дечу дийнахь, тахана, кхаьчна воккхачу стеган 93 шо а.

Къаночо аьлла президенте, 30 сов гIалгIа, "хIуманна а бехке боцу нах" бу изоляторехь кхобуш, ткъа шен воI, Къонахаллин Орден лелош волу "оьзда эпсар", лаца кхайкхийна.

"Хьуна хууш дуй ГIалгIайчохь дерг? Кху чохь хуьлуш дерг хIун ду? Иза хаа лаьара суна хьоьгара. Хьуна хууш дуй цунах хIумма а? ДIакхочий хьоьга я ца кхочу?", - хоьтту президенте Погоров Сираждина.

"Кавказ.Реалиица" къамел дина Погоров Ахьмадан ваша, гIалгIайн къоман Тайпанийн Кхеташонан декъашхо Погоров Мохьмад тешна ву Путинний, халкъаний юккъехь лаьтташ "яккхий дуьхьалонаш" хиларх.

"Дукха хIума президенте дIа ца кхачадо, тхан кхузарчу хьаькамашна ца лаьа бакъдерг махкара арадалийта, иза шайгахьа доцийла а хууш, наха дукхадолчу зуламашна бехкебийраш уьш шаьш ма бу", - элира цо.

"Сан ваша тоьлла эпсар ву, иза лаца кхайкхийна цо коррупци Iораяккхар бахьана долуш. Ши бутт хьалха шега тIекхайкхича, вахара иза Iедална тIе, цигахь дийцира дерриг а – цунна хIетахь 20 эзар сом гIуда туьйхира. Цуьнга кхин хIун хетта оьшу, стенна кхайкхош ву лаца? Вац дера Ахмад-м вада, махках, пачхьалкхах вала дагахь. Шен оьмарехь дуккха а дайна волу тхан да ца Iавелира юьстах, видео-къамел дахьийтира цо", боху Погоровс.

Цунна хетарехь, "хила-х езий кхузахь хуьлуш лаьттачух президентера цхьа терго", - аьлла хета цунна. Репрессеш дукха наханна йина, хьакхаелла шайн доьзалх а, шайна кест-кеста богIу ницкъхой цIийнах хьовса, дуьйцу оппозиционеран вашас.

"Оха хIора Iуьйрана ларбо "хьеший". 6-зза, 7-зза хьаьвсина цIийнах. Тхан хIусамаш толлий ца Iа, тхан ден а, тхоьца вуно генара гергарло долчу нехан а тIехь охку хIусамаш, цомгуш берш а ма бу царалахь", - леткъа Погоров Мохьмад.

"Тахана 93 шо кхечи тхан ден, оха чIогIа сатуьйсу президентна цуьнан къамел дIахазаре", - элира Мохьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG