ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIелонехь ю гIалгIайн оппозици


Акиев Тимур, "Эхо Кавказа"

Лецарш, ледарш ловш беха гIалгIайн протестан болам, шена цо цатамбар доькхуш хьийза Iедал

Полицино, къайлахчу сервисаш мохк баьккхина лоьху Магасехь лаьттинчу гуламийн хьалханчаш. Шайх къаьхкина, махкахбевлларш кхайкхабо федералан лехаме. Ма-хуьллу духьаллатта гIерта гIалгIайн оппозици репрессешна, амма гуш ду, Iедалца къийсаяла гIора дац цуьнгахь.

Даймахкал арахьа дукха хан йоццуш лаьцначу кхаа жигархочух ву Бапхоев Зеламха. Кху шеран Зазадоккху-беттан 27-чохь митинг дIасалоллуш хьийзинчу Iедалхойх летта боху иза.

КIира хьалха Якутехь лецира Бапхоев, схьавалийра Нальчике, кхобу цигарчу изоляторехь.

30 гергга гIалгIа ву Магасерчу митингашца доьзна жоьпе ийзош. Лецна латтабо дукхахберш.

Гуламашкахь билггал жигара хьийзина ала дац массарех а, амма талламчаш сиха бац шаьш зераш дIаьхьочу юкъанна и нах шайн доьзалех кхетийта, могIарчу хьелашкахь церан кхолламаш къесто. Ши бутт бу уьш изоляторехь кхобу, ткъа цхьа а вац церан бехкаш талла сихвелла, адвокаташа дийцарехь.

Оцу юкъанна, талламчаша дехна кхеле лецнарш кхидIа а чохь кхабар – Гезгамашин-беттан 25-чу дийне кхаччалц. Цкъачунна кхело и хан тIеяллалц изоляторехь кхабу кхачийнарг ву 12 оппозиционер.

Талламчийн лаам луьстучу кхело сурт хIоттадо шена тIебалийнарш, бахархошлара политикан жигархой а боцуш, цхьа даккхий зуламаш дина нах болуш санна. Ткъа лецначех дукхахберш бу гIеметтахIиттина, я къанбелла, цамгарша хьийзош беха нах.

ЛадегIарш хуьлучу деношкахь Нальчикера кхел гоне лоцу полицино, чу ца буьту журналисташ, жигархой хьовха, ур-атталла гергарнаш а.

Масала, кху беттан 5-чохь Барахоев Ахьмадна чохь кхобу хан яхъяр луьстуш яра кхел, оппозиционеран зуда йоцург, гергарчех чу ца витира стагга а. Адвокато Урусова Фатимас дийцарехь, кхело бахьане диллира оппозиционеран агIончаша чохь цхьа гIаттам айбарна ша кхерар.

ГIалгIайн жигархойн адвокаташа хIораза а доьху кхеле девнаш нийсонца листар, доьху, кхел Нальчикехь а ца еш, нах леца бахьана даьллачу Магасе дехьаяккхар. Амма хезаш дац и дехарш цкъачунна.

Хезаш дац кхеланна, оппозиционераш лецна кхаба хьашто яц, бохуш, адвокаташа ден аьрзнаш а.

Нальчикехь лаьцна кхобучу шина жигархочун – Дугиев ИбрахIиман а, Дзейтов Русланан а - адвоката Цороев Виситас иштта довзийтира хьал: "Кхелахойн бала бац оха дуьйцучун, оха низам а, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан хьехамаш а дуьхьалбетта, ткъа уьш тIетийжа деккъа дIа талламчаша бохучунна – лецна латтораш бовда тарло, цара тешашна тIеIаткъам бан мега, шаьш маршоне кхачахь, боху".

Лецначуьра дIахецча, оппозиционераш талламчех къайлабевр бу бохург бух боцуш го дукхахболчу гIалгIашна. Изоляторера арабевлича, махках бевлла баха меттиг яц къоман лидерийн – бевдича бехйо цара шайн цIерш, протестан болам юьхьIаьржа хIоттабо. Оппозиционераш бовдарна кхоьру талламчаш бохург бакъ дац - кхоьру уьш федералан центро тергонехь кхобу хьал хийца, Москох тIехьожуш ца хилча, изоляторера араваккха тарлора муьлххарг а.

Цкъачунна лецначех арахецнарг пхи стаг бен вац, бакъду, юьххьехь, нах леца болош, дов а ца айдеш, 2-3 кхо жигархо а хийцира дIа.

Тамаше хIуманаш а лела лецаршца доьзна. ЦIера дIасавер вац аьлла куьг а яздайтина, талламчас дIахецначех ву Ажигов Адам. Талламчас и сацам бале диъ де хьалха йинера цунна кхел, беа баттахь чохь кхаба кхачийра иза. Гарехь, ГIалгIайчуьрчу Iедалхоша аьлла талламчашка иза дIахеца. Мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а элира ша ГIалгIайчоьнан телевизионна еллачу интервьюхь, и тайпа дехарш хьийсийна ша талламчашка, аьлла.

Ажигов Нальчикера дIахеццале хьалха цуьнан а, махкарчу кхечу вахархочун, Мужахоев ИбрахIиман а гергачара дехнера мехкан Кхерамзаллин кхеташоне, шайн нах лецна а ца кхобуш, цIахь-махкахь лебайтахьара талламчашка, аьлла. Кхеташоно шен адаптацин комиссехь дийцаредира и дехар.

Цхьа Ажиговн я Мужахоевн гергарчара дехна ца Iа Iедале шайн нах махкахь, паргIатчу хьелашкахь бехар жоьпе. Оццу кепехь Бадиев Адаман дов листар дехна цуьнан гергарчара а. Ткъа стенна ца вахийтина иза ханна мукъабуьтучийн декъа? Стенна ца луьсту лецна латточу кхечу оппозиционерийн гергарчийн аьрзнаш? ХIунда дац кхелехь хазош Iедалхойн дехарш?

Гуш дерг цхьаъ ду: яц талламна, кхелана шайга ден дехарш тидаме эца хьашто. Протестан болам хьашна бевлла ницкъхой, оппозици къайлаяьлла еха. Резавоцург хаавелча, сиха вуьгу административан жоьпаллина кIел. Ишта нисделира, масала, жигархочуьнца Матиева Анжелица. Цу тIе, оьшуш дац ницкъхошна стаг таIзарна кIел вуьгуш хено къастийна гураш лардан а - тохало гIуда цхьа зама хьалха митингехь мел хиллачунна.

Делахь а, яц листина гIалгIайн юкъаралло протесташкахь елхийна проблемаш. Олийла дац, цу тIе, ницкъ гайтаро лакхадоккху Iедалан сий.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Нохчийчоьнах а, нохчех а лаьцна Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша дуьйцучух теший шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG