ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчу кеманаш лелийта йиш яц «Оьрсийчоьнан бахархошна тIехь кхерам а лаьтташ», боху Кремло


Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс довзийтира Гуьржийчу кеманаш лелийтар меттахIотто оьшург – «Оьрсийчоьнан бахархошна т1ехь лаьтта кхерам дIабаккхар». Иза цо элира пIераскан сарахь РБК агенталле.

«Гуьржийчуьра хьал меттахIотта деза, дIабаха беза цигахь вайн бахархошна духьаллаьтта кхерамаш», Песковс алар доцург, хууш дац муьлхачу битамаша гойтур ду цо буьйцу кхерамаш дIабевлла хилар.

ПIераскана Путин Владимира арахецначу омрица а догIуш, Оьрсийчоьнан авиакомпанешна тIебогIучу беттан 8-чу дийнахь дуьйна доьхку Оьрсийчуьра Гуьржийчу нах бигар. «Халкъан кхерамзаллин дуьхьа» бина бехкам маца юхаоьцур бу хууш дац.

Хьалхо Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, бахархошна кхераме ду Гуьржийчу баха, аьлла. Документо бохура, Оьрсийчоьнан парламентан векалшна Iаткъамбина Тбилисехь.

Еарийдинан сарахь 10 эзар гергга стаг гулвелира Тбилисехь парламентан цIенна хьалха. Оппозицино емалдира Абхази а, Къилба ХIирийчоь а Гуьржийчоьнах дIакъастар къобалдина Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат Гаврилов Сергей Парламентийн юкъара керста ассамблея дIаяхьа кхайкхар а, цуьнга барамехь дакъалацийтар а. Ша Гавриловс дийцарехь, Тбилисехь нах гIело ян гIиртина цунна, цкъа тоха а тоьхна.

Оьрсийчоьнна дуьхьал къамелаш дира гуламхоша. Уьш дIасалаьхкира полицино резаьнкин даьндаргийн герзашца а, бIаьргехь хидоккхучу газаца а. Лазийр а 240 стаг, лецира 305.

ШолгIачу дийнахь (пIераскана) юха а гулбелира протестхой. Цара декхаревора даржаш охьадахка чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гахария Георгий, цхьаболчу депутаташа дан долийра керла парламент харжарца дозу къамелаш. Оппозицин аьтто баьлла цхьана декъанна – шен лаамца дарж дитина праламентан спикеро.

  • Оьрсийчоьнний, Гуьржийчоьнний юкъахь лела кеманаш хьалха а сецийна. Къилба ХIирийчохь конфликт иккхича, 2008-чу шарахь, Кремло сацийра Тбилисе кеманаш лелийтар. 2014-чу шарахь бен метта ца хIоттийра авиазIе.
  • Стохка Гуьржийчохь хилла Оьрсийчуьра 1,4 миллион вахархо, боху Оьрсийчоьнан пачпхьалкхан "Спутник" агенталло. Царех мел бу туристаш дац хоуьйтуш. Ца хеддаш Гуьржийчу лела "Аэрофлот", S7, "Уральские авиалинии", "Победа", Red Wings, "Нордавиа" компанийн кеманаш.
  • Тбилисерчу протестхоша шайн Iедална хьалха хIиттораш ду деккъа шайн пачхьалкхан чоьхьара хеттарш, дац уьш Оьрсийчоьнах я цуьнан бахархойх хьакхалуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG