ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШхой хIаллакбина ша, хаамбо Дагестанерчу Iедало


Хасу-Юьртан к1оштахь шоьтан буса хиллачу тIематасаларехь ши ДАIИШхо вийна, хаамбина Халкъан антитерроран комитето.

Комитето бахарехь, Iедалан ницкъхошна тIелата Iалашо хилла байинчийн. ЦIерш йохуш яц церан.

Эндараний, Карлан-Юьртаний юккъерчу новкъа йоьду машен сацо гIиртина ницкъхой, амма герзца дуьхьало йина царна. Иккхинчу тIематасадаларехь машенчохь хилларш хIаллакбина, боху Халкъан антитерроран комитетан пресс-релизо.

Т1аьхьо Комитето яржийна хиламах лаьцна хиламехь яьккхина видео.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG