КIиранан сарахь Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран юккъерчу цхьана урамехь некъан полисхочунна урс тоьхна цо а, цуьнца хадечу белхан накъосташа а сацийначу машенан дас, хамбо, хьасташна тIе а тевжаш, "Интерфаксо".
«Шерипов Асламбекан урамехь некъан полицино сацийна машен, шега документаш гайта аьллачу машенан дас цIеххьана урс тоьхна полисхочунна», - дийцина хьасто Интерфаксе.
Полицино герзаш диттина тIелеттачунна, вийна иза.
Кхечу хьасташа дийцарехь, Лорсановн урамехь хилла бохам, ши полисхо ву лазийна.
Хьал тергалдо Маршо Радионо.