ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь полицина тIелеттачун цIе евзина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

КIиранан сарахь Соьлж-ГIаларчу Шериповн урамехь шегара машен сацийча, уьрсаца духьало ярна, некъан полисхоша вийнарг мила ву къастаделла, хаамбо, шен хьасташна тIе а тевжаш,"Интерфаксо".

1997-чу шарахь вина Соьлж-ГIалара вахархо Барзаев Ахьмад ву иза.

Хьалхо, Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, Шерипов Асламбекан урамехь (Лорсанов урамах дIакхеташ бу иза, цундела оцу ураман цIе а йоху цхьайолчу хьасташа) некъан полицино сацийна машен, шега документаш гайта аьллачу машенлелорхочо цIеххьана урс тоьхна полисхочунна.

Полицино герзаш диттина тIелеттачунна, вийна иза.

Рен-ТВ-н хаамца, лазийна ву ши полисхо – капитан Раил С., лакхара сержант Зеламха Д.. Шегара машен ханна мехах каралучу (каршеринг) фирмехь лаьцна хилла Барзаевс, боху массех хьасто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG