ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

48% бахархой дуьхьал бу Оьрсийчохь деа дийнан белхан кIиранна   


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Ах гергга Оьрсийчуьра бахархой (48%) дуьхьал бу белхан кIира деа дийне дацдарна. Иза гойту ВЦИОМ-о (Оьрсийчуьра юкъараллина хетарг толлу центр) бинчу талламо.

Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс Дуьненаюкъарчу белхан конференцехь вистхуьлуш дIахьедар динера, тIейогIучу хенахь махкахь белхан кIира деа дийне дацдан мегаш ду аьлла. Иза бухе а диллина, хир ду балха воьдучу стагаца барт бар, бохуш вара Iедалан куьйгалхо.

Талламо гойту 48% респонденташа гIортор еш хилар деа дийнан белхан кIира хиларна. Иза иштта хилча дика хир дара аьлла, хеташ ду цу талламехь дакъалаьцначу нехан кхоалгIа дакъа (29%). Кхин а 17% респонденташа аьлла, шайна башхалла а дац аьлла, ткъа дала жоп доцуш бисина 6% процент цу талламан дакъалацархой.

Белхан кIира дацдан деза бохучунна гIортор еш бу коьртачу декъана Москох а, Петарбухан а, кхечу а миллион сов нах бехачу гIаланийн бахархой а, ткъа иштта 25-34 шераш долу махкахой а (39%).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG