ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн Iедалша хуьйцур ю парламентан харжамийн система


Гуьржийчоь -- "Гуьржийн сатийсам" партин офисехь хилла митинг. Тбилиси 24Манг2019.
Гуьржийчоь -- "Гуьржийн сатийсам" партин офисехь хилла митинг. Тбилиси 24Манг2019.

Гуьржийчохь Iедалера парти реза хилла дуьхьалонан акцийн декъашхойн лаам кхочуш беш парламенте харжамаш баран система хийца. 2020-чу шарахь хин болу парламентан харжамаш дIахьур бу еккъа партин векалийн цIерш тIехь йолчу тептаршца.

Цул сов, Гуьржийчохь хир яц харжаман баръер. Цунах лаьцна дIахьедина "Гуьржийн сатийсам" партин лидеро Иванишвили Бидзинас. Политико дийцарехь, цу хийцамаша аьтто бийр бу парламенте кхача ерриг а харжамхоша гIортор ечу партийн.

Ийначу системо – партин тептаршкахула а, мажоритаран гонашкахула а – гIоле еш Iедал ду Iедалехь йолчу партина, билгалдаьккхира Иванишвилис.

Харжамийн система хийца лууш бара Тбилисехь дIайоьлхучу дуьхьалонан акцийн декъашхой. Уьш лууш бу Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр дIаваккха а, лецнарш дIахецийта а, митингаш цIий Iенош дIасалалла омра деллачун тIазар дайта а. Демонстрантийн полицица хиллачу тасадаларшкахь лазийна бу бIеннаш нах, 300 сов стаг лаьцна ву.

Дуьхьанан акцеш юьйлаелира Тбилисехь Мангалан-беттан 20-чу дийнахь. Цуьнан бахьана дара Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутатца Гаврилов Сергейца хилла инцидент. Тбилисехь православин пачхьакхийн парламентийн ассаблейн кхеташонехь Гуржийчуьрчу парламентехь спикеран гIаьнта хиинера иза. Цу гIуллакхо эргIадяхийтинера гуьржийн юкъаралла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG